1911-чу шеран ноябрехь, лецна, доьзалшца цхьаьна Калужски а, Астрахански а губернешка пхеа шарна ссылке бахийтира къадари тӏарикъатан вирдийн уггар гӏарабевллачарех цхьаболу динадай – Митаев Баматгери-Хьаьжа, Гайсумов Соип-Молла, Шаптукаев ӏабдул-ӏазиз, Белхороев Батӏал-Хьаьжа, Хантиев Кана-Хьаьжа, Назиров Мохьмад-Молла, Чиммирза-Хьаьжа.
Халкъана йукъахь ӏедало эладита даржийра, и динадай лецарна бехке ӏедална а, халкъана а бохаме, зуламе ваьлла Зеламха ву, иза шен лаамехь ӏедална тӏевагӏахь а, йа оцу динадайн мурдаша лаьцна ӏедале схьалахь а, ссылкера динадай даймахка цӏаберзор бу бохуш. Ӏедало дуьйцучух тешна, цхьаболу мурдаш Зеламха лаца арабевлира, амма Баматгери-Хьаьжас Калугера схьа хабар даийтира, ӏедало дуьйцург харц ду, цунах ма теша, шаьш лецарна бехке Зеламха а, обаргаш а бац, ӏедал ду, аш Зеламха а, цуьнан накъостий а, лецна, ӏедале дӏабелча, мегар дац аьлла.
Оцу ӏалашонах дог диллинчу ӏедало тӏаьххьара а кхин некъ лехира. Зеламха тӏеэцначу йа тӏеэцна аьлла хетачу йарташна луьра таӏзарш дар а, ӏедална бохкабеллачу йуьртдайн а, Зеламхин чӏирхойн а, хьолана сутарчу нехан а гӏоьнца иза хӏаллаквар а.
Балканашкахь тӏом бара дӏабоьдуш.
Цигахь австро-германин экспансина дуьхьал хӏотто союз кхоьллира Антантас а, Россис а. Цунна йукъайогӏура Болгари, Серби, Греци, Черногори. Амма оцу союзан коьртехь лаьттачу монархийн династеша а, къоман буржуазис а Антантина а, Россина а ца луучу агӏор – Хонкарна дуьхьал – йерзийра иза.
Хонкаран олаллина кӏелхьара Къилбаседа Африкера Триполитиани, Киренаика шен долайаккха ӏалашо йолуш, цуьнца тӏом болийра Италис. Шеца цхьана союзехь йолчу Россин, Францин бертахь. Масех дийнахь Триполи, Хомс, Дерну, Бенгези, Тобрук дӏалецира Италис. Амма Италин кхидӏа агрессинасацам боллуш дуьхьало йира ӏаьрбийн халкъаша.
Цхьа а тайпа шеко йоцуш, туркойн ницкъ бара 50 эзар салтех лаьтта Италин корпус ӏаьрбийн халкъийн гӏоьнца Къилбаседа Африкера аракхосса. Амма 1912-чу шеран октябрехь туркошна дуьхьал гӏевттира церан олаллина кӏелхьара Албани а, Черногори а.