Кавказехь коьрта питанча. Иза ша цхьаъ ларор йац Россица. Ткъа ламанан халкъаш цхьаьна а тоьхна, церан коьрте а хӏиттина, уьш Россина дуьхьал гӏовтто Шемал санна хьекъале политически а, динан а гӏуллакххой нохчийн бац. Нагахь санна и халкъ, цхьа а стаг дийна а ца вуьтуш, хӏаллак ца дахь, йа цхьа стаг оцу махкахь а ца вуьтуш, Россин къилбаседа губернешка а, Сибрех а кхалхийна, шишша-кхоккха доьзалш цхьанхьа а ховшош, дӏаса ца баржабахь, нохчаша цкъа а Кавказехь машар, синтем хила ца буьтуш, даим а сагатдийр ду вайн.
– И ши ӏалашо кхочушйан а гӏиртира вай, гӏуллакх ца хилира, – доккха садаьӏира Липрандис. – Хӏинца иза хьехочохь а дац. Хӏара ткъолагӏа бӏешо ду. Цивилизацин зама. Дуьненан пачхьалкхаша а, халкъаша а могуьйтур йац ишта къизалла.
Тӏаьххьара цхьацца рюмка коньяк а, цхьацца кофе а мелча, хӏусамден ӏодика а йина, дегаза буьрса дарц хьийзочу аравелира Липранди.