церан мотт а хаьа. Гена некъ ма бац цига. Мохьмад лоьхуш ца хьелахь, цхьана баттахь цӏа вогӏур ву.
Цхьана йукъана йуьхь кхоьлира ӏелин. Шовзткъе ворхӏ шо хьалха, Аьрзу а, Маккхал а, Чора а Хонкара ваха кечвелча, шен а, Аьрзун а хилла къамел карладаьккхира цунна хӏинца шен а, ӏусманан а хиллачу къамело. Ӏелина ца лаьара шен цхьаъ бен воцу ваша, ша уллохь а воцуш, гена махка вахийта. Аьрзу дуьхьал вара ӏела шеца ваийта. Хьан зуда а, ши кӏант а ду, хьо цӏера ваьлча, керт йаьсса йуьсу, цӏахь ӏе, бохура цуьнга. Амма ӏела ца къарвелча, мара а воьллина, цуьнан коьртах куьг хьаькхира Аьрзус. Мацах тӏамо да-нана, йижарий-вежарий байъина, жима волуш шаьшшиъ цхьалха висинчу хенахь санна…
Деган цхьана кӏоргехь халла хаалуш кхераман пха бетталора ӏусманан. Даго диканиг ца хьоьхура. Делахь а деца къийса бакъо а йацара. Ахьмаде орца ала сацам бира цо…
Ӏела Хонкара воьду боху хабар сиха даьржира йуьртахь. Ахьмаде а йуха ца ваккхавелира иза шен сацамна тӏера. Хӏара зама синтеме йацарна, новкъахь цунна цхьа бохам хиларна кхоьрура иза а, нах а. Амма ӏабдигӏарна боккха кхаъ хиллера цунах. Цхьана ханна иза кхузара дӏавалар а маслаӏат хетара царна. Цигара иза йуха цаверзаре дог а дохура.
Ӏела кхана новкъаволу аьлча, тховса суьйранна цуьнан хӏусамехь мовлад деша гулбелира нах. Ӏела могаш-маьрша цӏаверзор доьхуш, Деле доӏанаш а дина, цуьнан ӏодика йеш дика мел дерг а аьлла, дӏабахара. Тӏаьххьалц иза волчохь севцира Ахьмад, Лорса, Овхьад, Соип, Янаркъа, кхин масех а.
Ӏелас царна дийцира шаьш Хонкара кхалхар, цигахь шаьш лелийнарг, лайна халонаш, хьегна баланаш, тӏаьххьара а даймахка цӏа верза новкъа ваьлла ши эзар сов нохчо, дозане кхаьчча, туркоша тӏе йаккхий тоьпаш а йетташ, йухаверзор а.
– Эрчонаш дукха гина вайна. Тӏамехь. Мостагӏаша вайн йарташ йагош, зударий, бераш дойуш а. Амма оцу дийнахь цигахь хӏоьттина сурт шатайпа дара. Хийрачу махкахь мацалла ца дала шайн даймахка цӏа гӏоьртира ши эзар сов адам. Къена нах, зударий, бераш. Адамаш аьлча а, адамийн чархаш, гӏаларташ дара-кх. Чохь синош ду аьлча, стаг тешар а воцуш. Царна дуьхьалдаьхнера туркойн а, оьрсийн а эскарш. Уьш шайн даймахка цӏа ца берзийта. Гӏуллакх