ӏусмана.
– Цкъа хьалха чу гӏой, чиркх латабай, хӏорш чубига цӏа кечдехьа, ӏусман, – элира Дошас. – Тхо арахь совцур ду.
– Мох ца кхете мукъа а довлийша, Доша. Ас хӏокху дела сохьта чудуьгу шу.
Сихха гӏеттинчу Меданас хьешан цӏа чуьра товха цӏарах йуьйлира. Ӏаьнан шийлачу денца ца догӏучу дуткъачу духарца болу хьеший цӏарна гонаха хьаьвзира. Цӏеран серлонехь бӏаьрг ма-кхийтти, хиира ӏусманна уьш цхьаъ нохчо а, важа шиъ оьрси а, гуьржи а хилар.
Хьешашка хаттар ца дора ӏусмана. Цхьана хӏуманах дог кхиъна, чу алу йоьхкича санна, кийра богура цуьнан.
– Хӏара кхоъ Гуьржехара веана, – элира Дошас. – Ма-боггӏу Саьмби-Кӏотара кхаьчна хӏорш, цигахь суна тӏенисбелла…
– Ванах, тхан дадин хьешех ши стаг ву-те хӏара шиъ? – шен дагахь дерг схьаэлира ӏусмана. – Цо бийцинчу нахах тера ду кху шиннан аматаш.
– Волчух тера ду…
Даим санна, ша сихалха лун кхача – сискал а, йовха шура а йуьллуш, хьешашна шун хӏоттийра Меданас. Шуьнца тховса тӏекхеттарг гӏалмакхан чай дара, шура а тоьхна, тӏе даьтта а диллина тодина. Бохбелла, буьзна хьеший паргӏатбевлча, Нохчийчохь хӏоьттинчу хьолах лаьцна жимма къамелаш деш а ӏийна, хьешашка шен садуу хаттар дира ӏусмана.
– Тӏаккха, мехкан воцу ши хьаша, шуьшиъ мичара веана, стен валийна сан мискачу хӏусаме? Шаьшшинна оьшург аш схьадийцахь, иза Делан гӏоьнца кхочушдийр ду-кх вай.
– Тхо кхоъ Гуьржехара веана, – элира гуьржичо. – Хьан да, ӏела, Сибрехь вевзина суний, Петроний. Цхьа бутт хьалха иза Гуьржех дӏавеача, цигахь йуха а цхьаьнакхийтира тхо кхоъ.
Ӏусманан кийра цӏе кхерстира.
– Цӏерш хӏун йу шуьшиннан?
– Хӏара Петр Егоров ву, сан цӏе Николаз йу. Николаз Беридзе.
– Дадин уггар гергара ши доттагӏ ву-кх шуьшиъ.
– Хӏаъа, тхан доттагӏ хилла ца ӏа хьан да. Оха тхайн да санна лоьру иза.
Хьеший дӏатийра. Уьш кхийтира шаьш дуьйцучух ӏусман шекьхиларх. Баккъалла а, жимма ӏийча, ӏусмана цӏеххьана хаттар дира цаьрга:
– Со цхьана хӏуманах ца кхета, Николаз. Дада цига вахана кхо бутт кхочуш боллу. Шуьшинца цӏа хӏунда ца веана иза, шуьшиннах къаьстина, цигахь хӏунда висина иза?
– Нийса хоьтту ахь, ӏусман. Иза цига кхаьчча, дукха цхьаьна ӏойла ца хилира тхан. Тхойшиннан Россех ваха дийзира цхьана