паччахьан гӏуллакхана тӏаме баха а, лата а, бала а ца лаьара къехошна. Тӏаккха и полк вовшахтохар хьолахошна тӏедиллира ӏедало. И полк вовшах ца тохахь, ӏедалерчу гӏоьне а, къинхетаме а догдохийла хир йоцийла а, даржашкара дӏабохург хилар а хаийтира. Кхерабеллачу нохчийн хьолахоша шайн кӏентий а, шайн харжах къехойн кӏентий а бахийтира оцу тӏаме. Гати-Юьртара виъ жима стаг вахара цига. Товсолта-Хьаьжин Хьуьси а, Борахин Саьӏад а, Хортӏин Асхьаб а, Сатун Солтха а. Шен доьзална даа рицкъа латто ницкъ а ца кхочуш, къен-миска стаг вара Сатун Солтха. Юьртарчу хьолахоша шена делла ахча шен доьзална а дитина, церан герзаца, говраца тӏаме вахана иза кхо бутт баьлча цхьа пхьарс боцуш цӏа веара. Хӏинца оьрсийн-японцийн тӏаме а бахана Гати-Юьртарчу къехойн Аьрсамирзин а, Аьрзун а кӏентий. Уьш хӏунда бахана-те аьлла, хаьттира Овхьада.
– Оцу тӏаме баханчарна ӏедало ахча делла бохуш, дуьйцура наха, – элира Дешис.
Овхьада ойла йира. Цунна дагаеара дӏадаханчу шарахь ша йешна Энгельсан «Германин арахьара политика» цӏе йолу статья. Цу тӏехь Энгельса нажжаз бора хӏокху тӏаьхьарчу кхузткъе итт шарахь кхечу пачхьалкхийн паччахьийн йолахой а, чаьлтачаш а хилла, шайн маршонехьа къуьйсучу европейски халкъийн цӏий ӏенош лела немцой. Цара деш дерг дерриг а немцойн къомана доккха эхь лорура Энгельса. Ткъа хӏинца нохчий а бевлла Энгельса нажжазбинчу новкъа. Дуьххьара оьрсийн-туркойн тӏаме бахара. Бусалба туркошна дуьхьал тӏаме. Оьрсийн паччахьо, оьрсийн эскарша нуьцкъах махкахбаьхна шовзткъе итт эзар нохчий – зударий а, бераш а, къенанаш а – тӏелаьцна, царна туш деллачу бусалба туркошна дуьхьал. Шайн чалтачана, оьрсийн паччахьана бохкабелла, цуьнан йолахой а хилла. Шайн дай, наной, йижарий, вежарий байъинчу оьрсийн салташна улло а хӏиттина.
Асхьаб цига воьдуш, Овхьад дуьхьал вара. Амма Овхьаде ла ца дуьйгӏира Хортӏас а, Асхьада а. Хьолахойн кӏентий цига боьлхуш хилча, вайн доьзалера а цхьаъ ваха веза, бохура. Асхьад вохуьйтийла дац, керт-ков, бахам, туька а цуьнан йаьӏни тӏехь йу, цуьнан зуда а, бер а ду, бохура. Овхьад жима ву, доьшуш ву, дешар чекхдаккха дезаш ву, бохура. Асхьаб зуда йалоза вара. Иза