Оцу кхойтта шарахь Зеламхин цӏе йоккху хезча, кхералой, дегӏа тӏера массо а чо ирахӏуттура салтийн а, гӏалагӏазкхийн а. Дийнан делккъехь эскарех йуьзначу гӏали чу Зеламха веача, куьйранах котамаш санна, барзах уьстагӏий санна, кхералой, дӏасабовдура уьш. Зеламха цамгаро кӏелвитина, гӏорасиз ца хиллехь, шеко йацара, оцу чагӏалкхийн бажа дӏаса а баржийна, сийсара иза дӏагӏуриг хиларан. Цунах бӏаьрг кхетча, меженаш лехий, багара ӏаь ца йолуш буьсура.
Хӏинца уьш майрра гонаха хьийзара веллачу Зеламхина. Делла ӏуьллучу лоьмана гонаха ӏаьржа хьаргӏанаш, стешха чагӏалкхаш санна.
Зеламха майра, оьзда, доьналле къонах, нохчийн халкъан тешаме кӏант вара. Зеламха шен заманан кхетамца вехира. Боданечу шен халкъан кхетамал лакхавала ницкъ а, хьекъал а дацара цуьнгахь. Цунна маршо йезара. Шена а, шен халкъана а. Цо оцу маршонехьа къийсира, шен хьекъале, кхетаме, ницкъе хьаьжжина. Оцу кхойтта шарахь цо бекхам ийцира шен халкъера маршо дӏайаьккхинчу, мохк дӏабаьккхинчу, иза мацалле дерзийна, цунна тӏехь харцонаш лелочу, иза ӏазапехь даллочу шен халкъан мостагӏех.
Оцу кхойтта шарахь дуккха а гӏалаташ дийлира Зеламхех. Цо а, цуьнан накъосташа а бехк-гуьнахь доцчу адамашна бохамаш беш меттигаш а нисйелира. Зеламха а, цуьнан накъостий а маликаш, пайхамарш, эвлайааш бацара. Уьш адамаш дара. Дала кхоьллина цхьа а адам а ца хилла гӏалат ца долуш.
Тахана кхузахь гинчу суьрто ойланаш йайтира Овхьаде. Тамашийна амалш йу адамийн. Шайна оьшучу хенахь, шайна пайде волчу хенахь стаг хьалаойу, ткъа пайде хуьлучуьра ваьлча, оцу лакхенгара охьа а кхуссий, цхьалха вуьту. Шайн дуьхьа шен ницкъ, ирс, машаре дахар дӏаделлачу оцу стагана орцахвала, иза кхерамах, бохамах ларван, цуьнан дуьхьа шен цӏийн тӏадам дӏабала ца лаьа цхьанна а.
Овхьадана дагабаьхкира иштта нохчийн халкъо дӏатийсина, цхьалха бисина ӏожалла тӏеэцна кӏентий.
Шайх Мансур, ламанийн халкъийн дуьххьарлера имам, шаьш иза имам кхайкхийна ши бутт баьлча, нохчаша дӏа а тесна, махках велира. Тӏаккха паччахьан эскарша йийсаре а вигна, Шлиссельбурган гӏопан набахтехь дӏакхелхира.
Таймин Бийболат къанвелла, цамгаро лаьцна, заьӏап висча, массара а дӏа а тесна, гӏумкийн цхьана эло тешнабехкаца вийра.