– ӏедало баттахь ткъе пхи сом лора тхуна. Кӏезиг ахча-м дара иза. Гергарчара гӏо деш хене довлура. Ахьар, дама, жижиг, кӏалд, кхиерш латтайора. Тӏаккха оцу ткъе пхеа соьмах тхаьшна тӏедуха, когадуха оьцийла а хуьлура. Генадевлла кечдала гӏерташ тхо а дацара. Иштта, цхьа гӏедакх дан гӏертар-кх.
– Зеламха воций, муха хиира шуна?
– Оцу дийнахь цхьацца кега-мерса хӏума эца базара йаханера со, – элира Эниста. – Цигахь дуьйцуш дара, Зеламха вийна бохуш. Йедда цӏа а йеана, нене элира ас, дада вийна бохуш, дуьйцу базарахь аьлла. Нана цомгаш йара оцу деношкахь. Нана а, Зезаг а ца тешара. Бакъ хилча, газеташ тӏехь хир дара иза, бохура. Мохьмада, ведда вахана, газет деара. Цу техь хӏумма а дацара дадех лаьцна. Дукха хан йалале цхьа полковник веара тхо долчу. Цо дийцира тхуна, дада вийна, дакъа Шела деана, иза билггал Зеламха хилар хаа деза ӏедална, нана цига дӏайан йеза аьлла. Нанас, ша цомгаш йу, цига дӏайалур йац, элира. Полковник, ца тешаш, хьаьжира меттахь ӏуьллучу нене. Тӏаккха дӏа а вахана, цхьа ах сахьт далале йухавеара иза, лор а валош. Лор леррина хьаьжира нене. Ша хьаьжна ваьлча, нана цомгаш хилар чӏагӏдира цо. Тӏаккха, Зезаге йола, элира полковнико.
Муслиматна а, Энистана а шера оьрсийн мотт хаьара. Соьга а, шина гуьржичуьнга а акцент йоцуш ца бийцалора иза, ткъа цаьршимма, цхьа а акцент йоцуш, цӏена буьйцура.
– Зезаг кечъелча, со а, Мохьмад а тӏаьхьахӏоьттира, тхойшиъ догӏу аьлла, – къамел шега дӏаийцира Муслимата. – Полковнико дуьхьало ца йира. Автомобилахь Шела дигира тхо. Базаран майданахь лаьтташ дукха адамаш дара. Йарташкара нохчий, суьйлий, Соьлжа-Гӏалара, станицашкара баьхкина оьрсий. Суьйлийн дошлоша а, гӏалагӏазкхаша а майданара дӏалоьхкура нах, амма уьш йуха а цига дӏагуллора. Дена тӏедигира тхо кхоъ. Тишачу черта тӏехь ӏуьллура иза. Хьерчийна гӏевланга диллина цуьнан шен тиша чоа дара. Бедарш тӏехь дакъадалаза детта цӏий дара. Суна ца вевзира да. Ши шо хьалха суна гинчух тера вацара. Суна тӏаьххьара гинчу хенахь дегӏ дуьзна, йуьхь горга йара цуьнан. Хӏетахь маж-мекх хуьлура доцца лергина. Ткъа суна хьалха ӏуьллург кхин стаг вара.