Дуьйцура, нохчий гӏебартойн махкий, Теркал дехьа гӏалагӏазкхашна йукъий кхалхийна, нохчашкара мохк дӏабоккхур бу, нохчий керста дине берзор бу бохуш. Нохчийчоь сийсош оьрсийн эскарш лаьттара. Тӏаккха цхьа нах буьйлабелира йарташкахула, нахе, шаьш керста дине дерзадале, бусалба динна маршо йоцчу хӏокху махкара дӏа а довлий, бусалба динна маршо йолчу, шайн бусалба вежарий болчу Хонкара махка дӏагӏо, цигахь бен карор йац шуна маршо, цигахь бен хир бац шуна синтем, цигахь йу дуьненан йалсамане бохуш.
Иттаннаш шерашкахь лаьттинчу тӏамо чӏанабаьхна, мацаллой, къеллой бӏарзбина, кхана шайна тӏе хӏун керла баланаш, бохамаш богӏур бу ца хууш, бӏарзбелла хьийза цхьаболу нах, оцу эладитанех а тешна, Хонкара кхелхира. Аьрзу, Чора, ӏела а вахара уггар хьалха новкъа бовлучаьрца. Хӏорш кхуьй а кхелхина ца ваханера.
Хонкаран паччахьо нохчий шен махка дӏакхойкху, цига дӏабаьхкина нохчий, дика бахамаш тарбина, баха ховшор бу бохуш, цхьана наха кхузахь даржийна хабарш бух болуш дуй-те, цига хьалха дӏабоьлху нах туркоша тӏеэцар а, дӏатарбар а муха хили-те, тӏаьхьа цига кхалха ойла йолу нах совцо беза-те, йа дӏакхалха бита беза-те аьлла, Хонкарахь долу хьал хаа Аьрзу а, Чора а цига хьажийра Нохчмехкан тхьамданаша. Цхьаъ бен воцу ваша гена, хийрачу махка ша ца вахийта, ӏела а вахара цаьршинца.
Йуьхьанца ӏелина а, цхьанна а ца хаьара нохчашна йукъахь и эладитанаш лелош болу нохчий паччахьан ӏедало хӏирийн Мусехула ахчанах эцна нах буйла а, нохчийн цига кхалхар оьрсийн а, туркойн а паччахьашна чӏогӏа лууш хиллийла а, дуьнен чохь цхьаннахьа а нийсо цахилар а. Бӏарзбелла нах тийшира оцу нехан мотт-эладитанех.