Мацаллин гӏело хьоьгуш, ӏазапехь дуьсучу шен халкъан а, кертахь цкъа хьакхо йалтин чим а боцуш, шина кӏантаца йуьсучу Айзин а ойла йеш, болатан шийлачу буржалша когаш, куьйгаш къуьйлуш, генарчу Сибрех вахара ӏела.
Ткъе кхаа шарахь шен ненан маттахь адам дистхуьлу ца хезира цунна. Хӏинца къанвелла, къежвелла, дегӏера ницкъ а эшна кхечи иза ша дукха сатийсинчу винчу йуьрта. Каторгин халонаш ца лайна, мацалло а, цамгарша а эгийна, веллера цуьнца цигахь хилла масех нохчо. Уьш лаьтте дӏа а берзийна, ша цхьа висча, Деле хийлазза шена ӏожалла йийхира ӏелас. Амма Дала ӏожалла ца лора цунна. Ца велла йалхитта шарахь тӏеман цӏергахь а, Хонкаран жоьжахатехь а, ткъе берхӏитта шарахь Сибрен жоьжахатехь а.
Ненан кийрара ваьллачу минотехь дуьйна, хӏокху кхузткъе кхойтта шарахь цхьа а ирсе де ца хилла цуьнан. Хӏинца дуьненахь цо йаккха йисинчу кӏеззигчу ханна ирсе ван валийна-те иза Дала хӏокху винчу йуьрта, йа и хьалха цо лайна халонаш а, баланаш а бицбеш, кхин а баккхий баланаш лан валийна-те?
Ойланаша дӏалаьцца ӏела кхузахь хиъна ӏаш дикка хан йаьллера. Хӏинцца хааделира цунна ша шелвалар. Дегӏан лахе, шелъелла, лехнера. Можана тӏехула охьа некха тӏе ӏенначу бӏаьрхих а ша бинера. «Кхузахь кхин а жимма висахь, со-м гӏорор ма ву, – дагадеара цунна. – Амма со мича ваха веза?»
Гонаха бӏаьргтоьхча, цунна гира бешан цхьана маьӏӏехь гӏийла йогу чиркхан серло. Мила ву-те оцу хӏусамехь вехарг? Милла велахь а, цунна вевзарг хир вац иза. Цуьнан хенара нах кӏезиг хир бу дийна. Дийна висинарг а ӏелина вевзий а, ца хаьа. Амма миччахьа а, цхьанхьа вахана, йовхачу хӏусамехь буьйса йаккха йезара. Ткъа уггар хьалха цунна хаа луург Айзех а, шина кӏантах а хилларг ду. И кхо адам, вина йурт, даймохк – валале цкъа цаьрга бӏаьрг тоха сатийсаро цӏа валийнера къена ӏела. Кхидӏа хӏуъа хилахь а, хӏинца иза даймахкахь, винчу йуьртахь ву…