Хьуна тӏехь угӏур йу
Къанъелла меца борз,
Хьоьха дог лозур ду
Ӏаьржачу хьаргӏанан…
Халкъан илли
Ӏуьйранна хьалххе самавелира ӏела. Малхбалехьара схьагӏерта де хӏетта гучудала гӏертара хил дехьарчу регӏа тӏехула. Тайп-тайпанчу аьзнашца кхойкхура лулахойн нӏаьнеш. Хезара гена доццуш дегаза летачу къеначу жӏаьлин йишхаьлла гӏовгӏа а.
Цӏийнан доьзал набарха балаза бара. Берех цхьаъ гӏенах, цхьанна оьгӏаздахана, луьйра. Оцу буса хьаша а веана, мотт гатбелла, ца тарлучу цара йургӏа къуьйсуш, наггахь вовшийн човхабора, дӏасатоьттура, йуха а тапъолий дӏатуьйра.
Самадолучу ӏаламе ладегӏахь а, ӏелин ойланаш генахула хьийзара. Цунна хӏинца а теша хала дара шен даймахкахь, ша винчу йуьртахь, маршонехь ву бохучух. Цо сатийсира хӏара де тӏекхачаре, ара а ваьлла, дуьнене бӏаьрг тоха. Хӏинца цунна гур йу ша вина, бераллехь левзина меттигаш. Цаьрга а хьоьжуш, цо дагалоьцур йу шен декъаза бералла, къаьхьа къоналла. Гур ду дайн кешнаш. Хьанна хаьа, шен Айза, ӏумар, ӏусман ган а мега. Цаьрга цкъа бӏаьрг тоьхча, ша велча а шек ца волура иза.
Дагабаьхкира каторгера шен накъостий а. «Хӏун деш хир бу-те суна сайн кӏентийн метта хилла Петро, Кирилл, Датико, кхин иттаннаш накъостий? Схьахетарехь, уьш хьун хьокхучу дӏакхачча бохкуш хир бу. Ткъа Николаз? Иза кхана кхочур ву шен йуьрта. Дала дукхавахавойла иза. Сибрехь, дуьненах а дог диллина, сецна ӏаш волу со цӏа валийнарг иза ма ву. Дала мукъалахь, цигахь бисина сан накъостий а арабевр бу оцу жоьжахатера. Уьш къона бу, царна тоьхна хенаш дукха йац. Хан чекхйаллалц ӏийр буй, ца хаьа. Кхиберш санна, бовдур бу. Йуха а шайн цӏа а бирзина, маршонехьа къуьйсур ду. Веза Дела, аьтто белахь церан, ӏалашбелахь уьш! Хьекъале, майра, къона уьш хӏаллакьхилар кхоам бу. Цара дош делла суна, шаьш маьршабевлча, сан хӏусаме бахка. Нагахь санна Нохчийчохь керла гӏаттам болалахь, масех бӏешарахь шен маршонехьа къуьйсучу сан декъазчу къомана орцахбовла. Сан халкъана а, суна а хиллачу бохамашна бехкечарех бекхам эца, суна гӏо дан…».
Ӏела шен ойланех йукъахваьккхира, хьала а гӏеттина, товханехь цӏе лато тохаеллачу хӏусамнанас.