Ӏай а ловзура бераш Яьссин тогӏи чохь. Хина бинчу стоммачу ша тӏехь, шодмаш йетташ, дӏаьндаргаш хьийзайора цара. Йуьртара охьа тогӏи чу буссучу новкъахула охьа куьйга-салазаш, кӏег-салазаш а хоьхкура. Мацделча а цӏа ца доьлхуш, тогӏи чохь йолчу хьуьнхара хьаьмцаш, элхьамчаш, хьорамаш а дуура.
Цига а вахана, шайн бералла дагалаца ӏелин сацам хилча, ши чурт долчу гу тӏера схьа чӏоггӏа бетта мохь хезира цунна:
– Ва-а-а, ладогӏалаш, нах! Ладогӏалаш!
Ӏелас ладуьйгӏира.
– Делкъан ламаз а дай, маьждиган майдана гуллолаш! Тахана йуьртан гулам бу. Хезий шуна, нах, делкъан ламаз а дай, массо а маьждиган майдана гулло, йуьртан гуламе!
Туркхан маьхьаро ӏелина карлайаьккхира генна дӏайахана хан. Йуьртан йукъараллин гӏуллакхаш оцу маьждиган майданахь дийцаре дора наха. Цигахь, гуламехь, чӏагӏйора йуьртан къаноша йина кхел. Къанойн кхел йуьртахоша кхочушйарна тӏехь тергам латтабора гуламо хаьржинчу баьччас. Цо буьгура йуьртахой тӏаме а. Йуьртан къаной хоржура уггар хьекъале, оьзда, собаре, къинхетаме, догцӏена, хьанала нах. Йуьртарчу нахана йукъа галморзахаллаш йаьхкича, дов даьлча, оцу къаноша нийса кхел йора. Озабезам ца бора шайн дегахьа, вежаршкахьа, кӏенташкахьа, гергарчу нахехьа. Хьагӏ-гамонца харц кхел ца йора шайн мостагӏчунна а. Оцу къанойн ӏедал шариӏат а, нохчийн къоман ӏадат а дара, церан ӏалашо йуьртахь машар, барт, нийсо, беркат латтор йара.
«Муьлш бу-те хӏинца йуьртан баьчча а, къаной а? Цара кхел а муха йо-те? Цигахь хӏун до, хьажа веза со», – сацам бира ӏелас.
Делкъан ламазана молла кхайкхинчул тӏаьхьа цхьа сахьт хан а йалийтина, хӏинца цига адамаш гулделла хир ду аьлла хеттачу хенахь маьждиган майдана вахара иза. Цига дикка адамаш гулделлера, амма тӏеоьхучеран тӏаьхье хадаза йара. Кхузахь деш дерг шена бен ца хетачуха, йа ша ца кхетачуха, амма цара дуьйцург дика хезар долччу, майдана богӏучу беа урамах цхьаьннан керта улло а хӏоьттина, нах тергалбора ӏелас.
Мухха хиънехь а, Гати-Юьрта «гӏалагӏазкхи» веаний хиънера нахана. Хетарехь, ӏела тӏевоьссинчу цӏийнан хӏусамненера дӏа зударшкахула даьржинера.