Халкъ ӏазапехь латточу, къизачу, йамартчу паччахьашна, хьаькамашна кӏел а таӏий, лолла а ловш, ӏен боху ткъа адамашка?
– Эхартахь Дала цаьрга жоп доьхур ду, Дала йийр йу царна нийса кхел…
– Дала царна эхартахь кхел йийр йара бохуш, хӏокху дуьненахь церан харцонаш ловш, садетташ ваха веза со?
– Вайга паччахьаш а, лакхара хьаькамаш а хийцалур бац, – йуькъагӏоьртира кхин. – Амма вешан йуьртахь ваьшна луург дан бакъо йу вайн. Хӏара Хьуьсагӏар, Саьӏадгӏар, ӏабдигӏар, Инарлагӏар, мерзаниг дууш, хазаниг тӏедухуш, месийн назбаршла а керчаш, шишша-кхоккха зударий а хьоьстуш, бехаш бу. Ткъа вай йекъа сискал а йоцуш, тӏелхигаш тӏе а кхоьхкина, кенийн мотт-гӏайби тӏе а дуьйшуш, цхьацца зуда а ца кхабалуш деха. Ӏедало хӏиттийна йуьртда а, къаной а дӏа а баьхна, кхин харжа беза вай. Нахана йуккъехь нийсо а, барт а латтош, йуьртан дола дийр долу нах.
– Бакълоь, Доша!
– Кхечу йарташкахь изза деш ду!
– Вай а дац нанна тӏаьхьа даьхкина!
– Ас цхьа-ши дош эр дара, аш ладоьгӏча!
– Ладогӏа, нах! Хьомсуркъа ву вистхила лууш!
– Алал, Хьомсуркъа, хьайна хетарг.
Нахана йукъара схьакъаьстира йукъанеккъара духарца кечвелла, йукъах дихкина детица кхелина доьхка а, шаьлта а долуш, шовзткъа шо хенара лекхочу дегӏара стаг. Шен даккхийчу, ӏаьржачу мекхех хьажо пӏелг а хьаькхна, нехан йаххьашна тӏехула бӏаьрг а тоьхна, Саьӏадана тӏевирзира иза: