тӏехь дика кхиамаш а баьхнера ӏедало. Дукхахдолчунна оццу ӏалашонца Нохчийчу, нохчашна йукъа баржийна охьаховшийнера бӏе эзар сов оьрсий. Цаьргара дикка амалш а, гӏиллакхаш а схьаэцнера нохчаша. Диканаш, пайденаш, оьзданаш ца эцнера, ткъа оьзда доцурш, зуламенаш, къизанаш схьаэцнера. Нохчашна тӏе и бохаме ӏаткъам хилийта кхуза охьаховшийнера и оьрсий. Цул совнаха, тӏеман заманахь а, цул тӏаьхьа а нохчашна йукъа баьржинера суьйлий, гӏазгӏумкий, хӏирий, гуьржий, чергазой, гӏебартой. Мацах цкъа цӏена цӏий долуш хилла нохчийн къам кхечаьрца эделлера, цуьнан амалш а, гӏиллакхаш а хийцаделлера.
Тахана хиллачу гуламехь шера гора шайн дайн оьздачу гӏиллакхех нохчий бохар. Кхузахь гучуделира адамийн бартбацар, хьагӏ-гамонаш, сутаралла, декъаза кураллаш, дозаллаш, вовшех цадашар, цатешам. Ӏелина уггар халахеттарг и нах, Далла ӏамал йеш белахь а, Делах цакхерар дара. Баккъал а уьш Делах тешаш а, кхоьруш а хилча, цара къоланаш дийр дацара, хьарамчу дохнах, рицкъех пайдаоьцур бацара, нехан долаллина тӏе куьг кховдор дацара, адамаш дойур дацара. Церан дегнаш чохь хьагӏ-гамо, мекха, сутаралла, куралла хир йацара. Уьш собаре, къинхетаме хир бара, царна йуккъехь барт, марзо хир йара, къен-мискачунна орцахбовлуш, гӏо деш хир бара.
Ӏела къона волуш йуьртан гуламехь низам хуьлура. Къеначарна а, къоначарна а шайн-шайн меттиг ларйан хаьара. Баьччера пурба доцуш цхьа а вист ца хуьлура. Цхьаммо къамел деш, цунна йукъа а ца лелхаш, лерина ладугӏура. Гуламо тӏеэцна сацам, йина кхел цхьа а дӏасахьийзор доцуш кхочушйора.
Таханлерчу гуламехь уьш дацара. Баккхий нах, мичахь бу а ца хууш, бист а ца хуьлуш, хевшина ӏара. Царах баьчча а, къаной а муьлш бу а ца къаьстара. Цхьаммо къамел деш, цуьнга ладугӏуш стаг а вацара. Собар дацара. Оьгӏазе маьхьарий хьоькхура. Веккъа цхьана Овхьад цӏе йолчу стага бен, хьекъале, пайден къамел ца дира цхьаммо а. Бисинчара вовшашна тӏехбеттамаш бора, ӏиттарш йора, вовшийн сийсазбора.
Доцца аьлча, ӏела махкахваьлла лелачу оцу шовзткъа шарахь, тӏе галбовлар бен, хьекъале, кхетаме, иймане ца баьхкинера Гати-Юьртара нах. Изза хир ду-кх нохчийн кхечу йарташкахь а.