АС ХӀИНЦА ЦА О́ЛУ...
Ас хӀинца къехкайо
Безамах йуьйцина байташ. –
Бӏаьстенан зе́загаш
Ца довлу шийлачу лай тӀехь.
Дагах чекхтийсалуш,
КӀур бина лайн ченаш хьоькхуш,
Ӏуьйрено сан лерехь
Сагатдеш, шийла мох лоькху.
Ас хӀинца цхьаьнгга а
«Хьо йезайелла» – ца о́лу;
Кхерачу безамна
Петухий, со ге́наво́лу.
Уойлано шеконийн
Дахкарлахь цадевзарш оьхьуш,
Къайленга левчкъина,
Гуш йо́цу кха́ненаш оьхьу…
Ге́на йукъ йиллинчу
Сайн некъан йо́занаш доьшуш,
Уойланийн биллинчу
БӀаьргашца со йухахьоьжу.
Сайн шуьнехь чам тайна,
Мел до́гӏу вон-дика муьйлуш,
Сайца йорт йиттинчу
Да́харна дохко ца вуьйлу…