Цхьана йуьртахь ве́хаш вара миска стаг. Цуьнан цӏийнан на́на а, кӏант а кхелхина хилла.
Цу къехочун чӏо́гӏа тидаме а, гӏиллакхе а, къахьега хьуьнаре а, оьзда а йоӏ йара. Хӏусам а, керт-аре а, чуьра йийбар а, кога йу́хург-тӏейу́хург а, пхье́гӏаш а, массо а хӏума цӏена латтайора йоӏа. Чӏо́гӏа хье́къал долуш йара иза.
Мискачу стеган ба́хам жима бара. Цуьнан даьхни а, бажа а, ре́ма а, жа а да́цара. Бакъ ду, къехочун ворда а, цхьа говр а йара. Цхьана дийнахь ге́нарчу йуьрта ваха везаш гӏуллакх хилла цуьнан. Иза шен цхъаъ бен йоцчу говрана нуьйр а тиллина, тӏе а хиъна, новкъа ве́лира. Иза гурахь дара. Къечу стага сарралц некъ бира. Маьркӏажа бода хӏоьттина хан йара. Къехо а, цуьнан говр а ший кӏадделле́ра. Некъана нацӏкъар а йаькхкхина, ворда а сацийна, буьйса йаккха сецча, стаг гира цунна. Иза хилле́ра совде́гар. Мискачу стага, тӏе а вахана, салам делира. Иза йохка хӏумнаш йахьаш во́гӏуш хилле́ра. Цо мискачу стаге аьлла, а́рахь ӏарж а йелла, буьйса йаккха новкъахь сецна ша́. Къехо а ре́захилла, буьйса йоккхуш, цигахь саца. И шиъ, буьйсанна хан йаллалц, къамелаш деш а ӏийна, шайна хӏума а кхаьллина, дӏавижира. Мискачу стеган кхе́л, совде́гаран ворданна йуххе а йахана, дӏайижина хилле́ра. Оцу кхе́ло сахилале бекъа йина.
Миска стаг ӏуьйранна самаве́лира. Цунна гира шен кхе́ло йина жима бекъа. Хазахеттачу къехочо, совде́гар сама а ваькхкхина, цунна бекъа дӏа а гойтуш, э́лира:
— Хьажахьа, сан кхе́ло сийсара бекъа йина!
Совде́гара, шен йуьхьа тӏе куьг а хьокхуш, мекх схьа а ло́цуш, мискачу стаге аьлла:
— И бекъа кхе́ло йина моьта хьу́на?!
— Ткъа стен йина и?
Ца ве́шаш вела а къежна, совде́гаро жоп делла:
— Иэшахь, ас дуй а буур бу хьу́на, и бекъа кхе́ло ца йина, сан вордано йина, аьлла.
Къоьвсира цу шимма. Совде́гар къарвала туьгуш ца хилла.
— Вордано йеш хуьлу бекъа?! — аьлла, миска стаг цецваьлча, совде́гаро, шек в во́цуш, хӏумма а бехк а ца хеташ, э́лира: