кӏарула ӏаьржа дара. Берза кӏе́за санна тебина ӏуьллура кӏант, салтий, дегаза хетарна багахьа дов а деш, улло́хула тӏех бовлуш. Дукха ца лийлира салтий хӏара лоьхуш, сиха дог диллина дӏабахара уьш, шаьш шайга дов а деш. Бехк а ба́цара це́ран: кӏора санна ӏаьржа буьйса, гонаха хьун санна лаьтташ жӏареш. Дукха хан кхин Муслимас а ца йаьккхира кешнийн кертахь. Готесина Ребаӏатана тӏе веъира и дикка хан йаьлча.
Амбарана чуьра дӏахьош долу кӏа лардан баьхкина хилле́ра салтий.
Дукха хан йа́лале Советан ӏе́далан белхалой а гучубевлира. Тоьланашна чохь ӏаш болу нохчий ша́берш а белла дӏабевлла, аьлла хезине́ра царна.
11.07.2022 шо.