воьттина а, дегӏехь ницкъа хаалуш а вара. Буста́маш долу ше́н баьццарчу басахь гӏовтална йукъаха дато доьхка достуш, доьхканах йаьккхина датоца кхелина ше́н шаьлта схьакховдийра майрачо Ребаӏатига.
- Хезий хьу́на? Хӏан, и шаьлта жимма ира йел! – аьлла.
Мел хаза хийтира Ребаӏатина шега и Зойрбекас аьлча! Ков, кертахь ша́ дан ле́рина гӏуллакхаш а дитина, сихонца майрчун карара схьаийцира цо малхехь лепаш йолу шаьлта. Шаьлта ше́н кара ецча дог тоха-м делира хӏокхуьнан, масана хуьлу и, шаьлтанца къастадан дезаш дерг.
- Дика ду. Аса хӏинцца дийр ду ахьа бо́хург! Кхин хӏумма а дуй, сиха дан дезаш? – хаьттира Ребаӏатас.
- Дац кхин сиха хӏумма а. Шаьлта ира хилан йеза, говра сиха а хила йеза, - бегаш бира Зойрбекас, нускална вела а кхежаш.
Кхин хӏун совгӏат оьшура жимчу нускална! Малх шена белакъежича санна-м хетаделира хӏокхунна. Делахь а, Зойбрек лохо динчу поппарца хьаькхина, шурула кӏайн кирийца къагадинчу цӏено чу вахача, ше́н буйнарчу шаьлтане хьаьжича, цӏаьххьана кхераман сурт дуьхьала тесира жимчу зудчуна: «Хӏунда шаьлта! Хӏунда ирайойту шаьлта!». «Шаьлта ира хилан йеза, говра – сиха» - ше́н майрачун кица дага а деъна, сапаргӏат йе́лира и. «Шаьлта-м со му́ха зуда йу хьаьжа, туса, аьлла а хила тарлора. Аса-м сайна хаарш гайта деза» - ше́н ойла паргӏатенчу тӏегӏана тӏе йаьккхира хӏокхо.
Шаьлта ира йан похӏма оцу хе́нахь баьхначу нохчийн зудабе́рашна, жима долуш дуьйна ӏамош дара. Хӏокху за́манахь та́машена хеташ делахь а, и хьуьнарш зудабе́рийн, зударийн хила дезаш дара. Хеташ хира ду хӏинцале́рачу зудабе́рашна, и иштта и шаьлта ирйар атта болх бу: ецца шаьлтана аьлха тӏехула хьаькхича долуш ду. Боккху гӏирс оьшуш бара оцу гӏуллакхана: тайп-тайпана хуьлура аьлханаш, хӏо́ра хӏусамехь ше́н-ше́н аьлханаш, тӏаьрсикан доьхканаш. Амма уггаре коьртинаг – и ира шаьлта! Ткъа ира маца ло́рура шаьлта – шаьлтана литтана тӏе а диллина жима йовлакх мох ло́цуш ластийча, йовлакх хадийча! Хьалха за́маначохь, адамаш зоьртала долучу хе́нахь и йовлакх-м мохехь ластийначу шаьлтано ши ах а доккхура!
Дикка къахьийгира Ребаӏатас шаьлта ирйеш. Алан деза, шаьлта иштта а йа́цара аьрта, цунде́ла жимчу зудчуьна алсама къахьега дийзира, ше́н