- Шеше́н бандита! Ест! Виходи! – аз хезина самаиккхира Ребаӏат ша́ йоллучохь кхерайелла цӏогӏа о́лучура, ше́н батт ша́ ӏаьвдина, соцунгӏа а хуьлуш.
Хе́хойх казахийн къо́мах цхьаъ хилле́ра и, ша́ кхоьруш хилар ца гайта гӏерташ, шена гонаха «дов» деш. Амма Ребаӏатана-м хӏинца ша́ гучуйаьлла йаьлла аьлла тарделле́ра. И ша́ бе́рза кӏеза санна хебине́ра, ше́н киснахь долу жима урс кеч а деш, дуьхьало йан, оьшуш хилахь.
Цӏе́ра а́ра а даьхна, хӏокху хийрачу махка схьа да́лийча, дуьххьара денца дуьйна нохчийн къо́мо ловш йара ше́ло́, кхерам! Хӏокху массо а къаьмнашна паргӏата, ма́шарен ӏен, да́ха кхоьллина да́хар, нохчийн къо́мана къеделла, дуьнена жоьжгӏат хилла дӏахӏоьттине́ра хӏара дуьне. Хӏокхеран метта, хӏокхеран махкахь, хӏокхеран кертахь, хӏокхеран да́йн кхерчахь йовхонан карахь бе́хаш, де́баш, ирсан карахь хӏокхеран селханле́ра лу́лахой бара! Ребаӏат а, хӏара санна хӏокхуьнан къам мацала, цамгарийн карахь леш бара. Леш! Каш да́ккхан гӏорийначу хийрачу латто бакъо а ца луш.
Ребаӏат ше́ло́нца къуьйсуш, чимхалг ӏуьттуш жимачу ӏуьргах кӏа охьаоьхийтуш йоллура. Казахийн хе́хой а бара ше́ло́нца къуьйсуш, шайн йовхачу кетарех а хьерчаш. Ребаӏатин, хехошца, ше́ло́нца болу къиза къийсам сатосу седано къастийра – хе́хой къарбелира, йовхачу чу бахара. Ребаӏатин йовха чохь ӏаш Советан ӏе́дало де́бабеш керла мостагӏий бара. Ребаӏатин Советан ӏе́дало ше́ло́ йитине́ра, селханле́ра лулахо, тахана мостагӏ а кхайкхина дуьххьала дӏа къаьмнаш декъа, це́ра барт ца хилийта, оцу къаьмнех ледарнаш муьлш ду а туьйсуш цхьана могӏарелахь. Вон къаьмнаш дац, адамаш ду дика, вон доькъуш! Дуьненна гира-кх нохчий, гӏалгӏай цӏабе́рза буьйлабелча сий долу къаьмнаш: гуьржий, ӏаьндий, нохчийн латта лар а дина, и нохчашка йухадерзийна, шайн махка, шайн дайх дисина долу лаьтта бирзина болу! Гира суьйлий а, хӏирий а – хӏинца а не́хан хьа́рамчу керташкахь, латтанашкахь ӏаш болу, не́хан кешнашкахь шайн нах хьулла а беш! Веза Де́ла, хьо гуш ву-кх шадериг а!
Ребаӏат, сихалолахь! Хе́хой маца бухабоьрзу а ца хаьа, сихонца ге́на йа́ла! Ах га́ли хир долуш кӏа а карахь ше́н гӏора ма-дду йедира нохчийн зуда, тахана ӏо́жалла дӏатоттуш. Йедира ше́н