Хьуна, сан ӏахар,
кхин цкъа а хьуна… боккха
ма хилахь, цкъа а боккха.
Жа дукъал чоьхьа, доккхо къаьстачу таьӏначу аганчохь дара. Лам берриг а ӏаьржа къаьстара, стигал кӏел бохь гӏортийна.
Седарчий, сагалматаш санна, меттахъхьера.
Мох сих-сиха тулгӏенашца схьахьодура. Тӏаккха бовра.
Цхьа кӏеззиг хан йаьлча, йуха а хьокхура. Цо цхьацца хьожанаш а, тӏаккха кхерамаш а бохьура шеца.
Жа нахарш дохуш ӏохкура, узарш а деш, йовхарш а йетташ.
Наггахь ӏахар ӏаьхара, цхьа цӏена, цхьа зевне. Нанас къорра, доцца аз хазадора дуьхьал. ӏахарна ца хаьара, хӏара хӏун ду, жа иштта дӏа хӏунда тийна. ӏахарна лела лаьара, жана тӏехула когаш а бетташ, царна байн кур а тухуш, наггахь, ша гена баьлча, нана мичахь йу а хьожуш.
Нанна хаьара. Нанна дерриг а хаьара. Нана цундела меллаша ӏаьхара дуьхьал, шен аз ца даржийта, ца хазийта, мохе дӏаса ца дахьийта.
Цхьа шийла, цхьа инзара, дерриг а дегӏ гӏорош, чо стамбеш аз деара цхьана геннара, хьевхьера схьа: «ув-ув-увв-увв» деш, тӏаьхь-тӏаьхьа дахлуш, озалуш, дерриг а дуьне дӏалоцуш санна.
Жӏаьла летира.
Жӏаьла дай летира, меллаша: «гӏалх-гӏалх-гӏалх» деш, ша-шена санна, йуха иштта цу озана «ув-ув-увв» деш, гӏийлла дуьхьал а цӏевзаш.
Жий ӏаьхира боцца.
ӏахар бедда тӏебеара. Охьабижира нанна уллохь. Нана хьаьжира, хьожа а йоккхуш.
— Нана, хӏара хӏун ду? — хаьттира ӏахаро, — со цхьа шел ма ло, дегӏ эга ма до сан?
— Иза борз йу, — элира нанас, — цуьнан аз шийла ма ду, деза ма ду цуьнан аз… Борз инзара ма йу, къиза ма йу иза чӏогӏа…
— Иштта хӏунда йу иза? — хаьттира ӏахаро йуха.
— Цуьнца ӏожалла йу, — элира нанас, — хьан а, сан а — массо а са долчу хӏуманан а.
— ӏожалла хӏун йу, нана?
— Лазам бу-кх, беккъа цӏена — лазам. Коьмо кур тоьхча лазабой хьо?
— Бо.
— Иштта лазам бу-кх ӏожалла а…
— Тӏаккха борз вон йу-кх, нана? Йуй?
— Йу. Борз бӏобаш ма йу. Хьо хьайн нанна уллохь хила ма беза, гена а ца болуш.
— Ахь жӏаьла хилча, хӏумма а хир дац ма элира…
— Жӏаьло вай лар ма до. Жӏаьла леташ хезирий хьуна?
— Хезира…
— «Ма гӏерталахь кхуза схьа, кхузахь со ду хьуна. Ас нанин ӏахар бохьуьйтур бац хьоьга!» — бохура хьуна жӏаьло.
— Нана, жӏаьла дика ма ду, дуй?
— Хӏаъ, ду. Жӏаьла сахиллалц дӏа ма ца дуьжу, вай барзах лардеш.