Барзо уьстагӏ буу, борз кхечо йуу, кхиниг вукхо йуу. Хьуна буц ма йеза, йезий?
— Йеза. Шура а йеза.
— Гой хьуна, ас буц ца йиъча, хьуна шура хир ма йац. Шура мерза ма йу, йуй?
— Йу, шура а йу, хи а ду, йуха цхьа кегийра буц а…
— И буц а ма йу иштта са долуш, хьо а, со а санна. Хаза сийна хьала а йаьлла, тӏехь зезагаш а долуш, малхехь йох а луш, иза а лаза ма йо…
— Тӏаккха ас хӏун дан деза! Ас буц йуур а йац-кх, со хьох бакха а бекхаш, хи а муьйлуш, ловза а ловзуш, лелар бу-кх.
— Хӏан-хӏа, буц а йаа йеза. Буц вайна йаа тӏейолуш ма йу, вайга мийлийта оьхуш ма ду шовданаш а…
— Ас ахь аьлларг дийр ду-кх, нана… со йуьстах а лелар бац, жана йуккъехь охьа а буьжур бу, кхин… кхин хӏун ду, нана? Кхин хӏун де ас?
— Кхин хӏумма а дац-кх, хьо хьайн ненан бакхарш бу-кх, жима а болуш, хаза а болуш, кӏайн-кӏайн тӏаргӏа а хьийзина, боккха дума а лестош… Хӏинца хьайн ненах бакхал цкъа, тӏаккха охьабуьжур бу хьо, хьайн нанна улло.
ӏахар, хьалхара голаш лаьтта гӏортош, охьа а таьӏна, шозза-кхузза чинк тоьхна, шура а йолайалийтина, дуьман суьрк дӏаса а лестош, йух-йуха а чинк а йетташ, бакха хӏоьттира шен ненах.
Нана, нох а дохуш, ӏадда лаьттара, наггахь ӏахаран дуьмех бат а ӏуттуш. ӏахар гуттар а карзахболура, ша нанас хьаьстича, дума лестош, чинк йетташ, йух-йуха а бекхаш.
Йуха и шиъ охьабижира: нанас шена улло, «бӏа-бӏа-бӏаь» олуш, некха хьалхха схьабалийра ӏахар, шена гуччохь хилийта.
ӏахар когаш кӏел бохкуш, ненах дӏа а хьакхабелла, хьаьрччина, буйннал хуьлуш горггбелла, «пах-пах» аьлла, шозза-кхузза шок тоьхна, мара а цӏанбина, йаьӏна ирах а саттош, дӏабижира.
Буьйса ӏаьржа йара, лаьтта тӏехь хуьлуш ма хиллара, стиглахь-м иштта ӏаьржа а ца хетара. Лаьмнийн баххьаш стиглан таьӏна-сийначу соьналлехь бода хуьлуш лацаделлера.
Буьйса инзара йара, шен ца гучу, ца йевзачу къайленашца.
Буьйсано кхерам туьйсура, йухь ца гун кхерам.
Цхьанхьа-м чӏоб а дийкира: «чкъий-й-дт, чкъид-чкъий-й-дт» деш, хенан барам боькъуш санна.
Буьйса сама а ца йелира — буьйса тхьевсинера, ӏахар санна.
ӏахарна сийна-баьццара дуьне гора гӏенах, къеггина кхетта малх а; цхьа байн мох а хьоькхура лекхачу даккъашца. Хӏара шен ненаца бара, жӏаьлеш а дара гена доццуш; цхьа узам беш, дӏатаьӏна, кхеран ӏу а ӏуьллура.