Кӏанта цунна чӏагӏо йина: «Сайн на́нас йинчу йишина санна, тешаме ву хьу́на со, хьо и кӏант волчу дӏа а йуьгур йу аса», — аьлла.
«Су́на хьа́рам хуьлда, цунна хьа́нал хуьлда хьо», — аьлла, йоӏ шен говрана тӏехьа а хаийна, иза а эцна, кӏант ве́хачу шахьара а вахана, цуьнан кӏе́тӏа йоӏ охьа а йоссийна, кӏант цӏе́хьа веана.
Йахана йоӏ шена дукха везаш волу кӏант волчу чуйаьлла. Шена йезаш йолу йоӏ маре йахар а хезна, гӏийла узам а беш, ӏаш хилла кӏант, мерз-пондарх пӏелг а бетташ. Йахана йоӏ чуйаьлча, сов чӏо́гӏа та́маша а бина, цу кӏанта цуьнга хаттар дина:
— Хьо кхуза муха кхаьчна? — аьлла. Йоӏа жоп делла:
— Иштта цхьана кӏанте маре йелле́ра со сан на́ха. И кӏант со йолчу чу во́гӏучу буса со гӏийла лаьтташ йайча, цо соьга хаттар дира: «Хьо гӏел хӏунда йелла», — аьлла. Тӏаккха аса айса йина чӏагӏо цуьнга дӏайийцира.
Цо соьга э́лира:
— Хьайн на́нас вина ваша санна, со тешаме ву хьу́на, су́на хьа́рам хуьлда хьо, оцу ахьа вуьйцуш волчу кӏантана хьа́нал хуьлда хьо, — аьлла, йа́ла а йина, хьан кӏе́тӏа со охьа а йоссийна, кӏант цӏа вахара, со хьан чу йеара.
Цу тайппана шега дийцича, оцу кӏанта шен карарчу мерз-пондаран лерг а тесна, цу йоьӏан йукъах доллу доьхка, шен куьг цунах ца хьакхадо́луьйтуш, схьа а даьстина, ша а, цо а йина чӏагӏо бакъйархьама, цу йоӏе аьлла:
— Иштта шена хьо йеззашехь, хьо су́на йа́лайал, дика кӏант иза хилча, цул оьшуш кӏант со хилча, су́на эхь ду. Хьо цунна йуха дӏа ца йигча, йе́р йац, — аьлла, йоӏ а эцна, важа кӏант новкъа ваьлла.
Дӏадоьдуш хӏара шиъ цхьана шахьара кхаьчча, йоӏа кӏанте аьлла:
— Хӏара йу-кха со маре йеана шахьар. Кӏанта цуьнга аьлла:
— Хьу́на хьо дӏайаха хуур делахь, со цӏа гӏур вара, — аьлла. Хуур ду шена, йоӏа а аьлла, кӏант цӏе́хьа вирзина.
Цӏа йоьдуш йолчу йоӏана ӏаьржачу буса веана, цхьа боьха зуламаш а, къолаш а деш, гӏараваьлла хилла волу цхьа къу дуьхьалваьлла: