Оццул аьзнаш долчу маттахь
дешнаш леха дезча,
су́на, со мотт ӏамо гӏерташ воцийла, хаьа,
со,
нохчийн мотт,
хьо дагабаийта гӏерта.
Оццул ба́ланаш лайна сан къам!
Дуьнено,
ша́ довза гӏерташ,
ше́н букъ тӏехь
бӏешерех хилла шеддаш-баьрзнаш охкуш-зуьйш,
со
цу суьрте́ хьоьжу,
шерет хиллачу ден ба́хаме санна.
Кху дуьненан су́на цатоьънарг цхьаъ ду —
дуьххьарлерчу пайхамаран доӏа-весет.
Кху дуьненна ас гечдийр до́цуш а цхьаъ ду —
и доӏа-весет сайх хьулдар.
Абдулаев Леча 1998 шо