Дош а лелла даьлла хӏинца хьан,
Хьалха санна, дегӏ а дац каде хьан.
Когаш тӏаьхьате́кхош, меллаша
Хьо дӏашерша, ӏа́санна тӏетеӏаш.
Хьоьца дуьне диъна нийсарой
Хӏинца хьу́на йуххе хьийзаш бац-кха.
Уьш къизачу кхе́лой, кхолламой
Къастийна йа баьхна хьу́на нацкъар.
Кху дуьненах чекхваьллехь а хьо,
Да́ла бина бехаза къинхетам,
Хьан бе́ре́л а тӏаьхьа кхиъна чкъор
Хьан хе́нара дац хьан дагах кхе́та.
Хьу́на ге́нахула лела уьш,
Хьо тӏевеъча, йуху це́ран пхьоьха.
Амма дац и хьо дукха а луьйш-м, –
Къамел хаза лаар ду ахь лоьхург.
Амма йара за́ма а хьан кхин:
Синкъе́рамаш сахуьланга буьйлуш,
Ловзаршкахь а каде хьийзош дин,
Мехкарий а – хьо гӏе́наш чу вуьйлуш.
Ворхӏ йуьртахь а хьа́ша вара хьо,
Къонахашлахь – тхьамдалла хаош а.
Кӏарглуш ге́надаьлла хийла дов
Доьрзуш дара, йуккъе деъча дош хьан…
Дерриге а тӏаьхьадиси и,
Бисна бо́цуш цхьа а дагахьбаллам.
Мостагӏ хилла, дуьхьалдели кхин –
Шийла, къора, гӏо́ра доцу цхьалла.