Ахь кӏайчу куьйгашца кха туьллу сентябран буьйса.
И йогу дагардийцаран цӏе хилла.
И йо́гу вайшинна дисина хӏоккхул доккха дуьне дохкдеш:
Стигланан кийра эгош суйнаш — седарчий.
Со тийна ӏа, дӏадаьллачун шере — тӏулге боьттинчу пенах букъ а тоьхна.
Хӏумма а ца къаьста су́на хьан бӏаьргех — горгалех тесна кхозу хьан чӏа́ба.
Йогучу цӏе́ран серлоно чӏа́ба меттах моссаза хьайн, бӏаьрхих дека бӏаьргаш чохь сецна хьан са.
Хьан синан декаро самадо́ху лаьтта тӏехь мел долу некъаш.
Уьш гулдала дуьйлало аайн хӏусаме.
Со вевза оцу некъашна, со,
Ца́ра йохйан йохьу сан бӏаьрзечу денойн да́къазалла, сан мел хиллачу гӏа́латийн ше́ло́.
Хьан бӏаьрхиш санна цӏеначу сентябран буьйсана цӏергахь йо́гу сан бе́ралла эцна дӏа мел йаханчу гӏаргӏулийн назманаш.
Ахь тӏаккха, корера схьаоьций, беттаса туьллу цу цӏерга.
И деттало, буьйса йаьгна йаллалц, стигла егна суйнаш — седарчий даллац.
Цунах малх хуьлу.
Тӏаккха куьйгашца корах а́рахоьцу малх, и гӏотту, цо хоуьйту доллучу дуьенна кхин цхъаъ а сентябран буьйса йаьгна йаьллий.
Тӏаккха дуьйлало некъаш — вайн хӏусамехь мел бо́лу некъ новкъа бо́лу.
Тӏаккха новкъа во́лу со а.
Хӏинца маьлхан зӏаьнарш а чӏа́ба меттах моссаза хьайн да́харах дека хьан бӏаьргаш чохь сецна са.