Вайга иза леладе аьлла цхьа а оьрси веаний кхуза? Гуьмсехь, Къеда-юр-тахь а цӏерпошташ талочу нахана юкъахь вайн юьртахой хилла. Вайга цӏерпошташ тало цига гӏо аьлла оьрсий баьхки-' ний кхуза? Колхозан ялташна тӏе даьхний лехка, урамашка кхаьллий кхийса, хиш, некъаш ма тоде аьлла цхьа а оьрси веаний вайн юьрта? Нагахь санна, вайн къоман барт бохораш, 1 зуламаш даржораш Россис а, оьрсаша а ахчанах эцна нохчий1 белахь, вайн колхоз йохийначу, юьртахь нехан барт бохийначу шун тобанна мел ахча делла Россис, оьрсаша а?
Вайна ца лаьа вешан сакхташ дийца, вешан бехкашна къе-ра хила. Вешан бехкаш а кхечарна тӏетоьтту. Хьалха хиллачу Союзан законаша дихкинера тайпанаш-м хьовха, къаьмнаш къе-стор а. Бакъду, коммунистийн оцу тӏехь генна йоьлхуш шен ӏалашонаш яра. Къаьмнийн башхонаш дӏа а яьхна, СССР чохь дехачу къаьмнех шен ша-тайпа юьхь а йоцуш, массарех а цхьа къам — «советски къам» кхолла ӏалашо яра церан. Нагахь санна, вай бусалба динан некъа тӏехь делахь, Дала а, Пайхамара а ца къестийна къаьмнаш, тайпанаш а. Къорӏанна чохь кериста-нех дуьйцуш къоман цӏе ца йоккху. Мохьумад-пайхамара, ӏалайсалам, шена гонаха озийнарш цхьа ӏаьрбий хилла ца ӏара, цуьнан уггар гергара гӏоьнчий бара персаш, эфиопаш, неграш, кхечу къаьмнех а нах.
Ткъа нохчий шайн йозуш йоцу маьрша пачхьалкх кхуллу аьлла гӏевттича, уггар хьалха нохчийн къам тукхамашка, тайпанашка а декъна, и цхьа дегӏ, меженаш йохуш, дерина. Адамийн оьздангаллин хьокъех долу СССР-н дерриг а бохург санна законаш цхьаьнадогӏура шариӏатца. Масала, къаьмнаш къестор, къола, талораш, вахо маларш, наркотикаш, нуьцкъала, бертаза зуда йигар, дукха зударий кхийлар дихкинера СССР-н законаша. Уьш дихкина шариӏато а. Хӏетте а нохчашна юкъахь чӏога даьржина уьш дерриш а. Школаш дӏакъовла, берашкама дешийта, больницаш дӏакъовла, цомгашчарна дарбанаш малеладе ца боху вайга Россин ӏедало. Туркойн, ӏаьрбийн мехка ша нохчийн халкъана гӏоьнна даийтина дарбанаш, цомгашчарна дӏа а ца кхачош, базаршкахь дохка ца боху вайга оьрсаша.