Нагахь санна, зуда а, бераш а кхаба стеган аьтто бацахь, зуда ялор къобал ца до шариӏато.
Лаххара а 90 % нохчаша кхочуш деш дац и декхарш. Доь-зал кхолла стаг, зуда а цхьаьнакхеташ йоккхучу хьалхарчу гӏулча тӏехь талхадо шариӏато тӏедехкина декхарш. Дукхахьолахь, дена-нанна а ца хууш, буса къайлах маре йоьду йоӏ. Мах бар шолгӏачу дийнахь кхочушдо. Ткъа йоӏ нуьцкъаха ядийна йигча, йоӏ йолчу нахаца машар, барт бан гӏерташ, мах бар шина-кхаа дийнахь ца хуьлу. Мах бале оцу юккъехь кӏант, йоӏ цхьаьна ӏер зина лору, нагахь санна цаьршиннен доьзалхо кхоллалахь, къутӏа лору. Иштта кхоллавелла доьзалхо иманехь хуьлийла дац.
Дукхахьолахь маре деш болу вайн кегийрхой ламаз деш, марханаш кхобуш-м муххале ца хуьлура, цхьаболчарна, ур-ат-тала, алхьам, къулханаш деша а ца хаьа. Мах беш тешаш хӏиттабо хьалха тӏенисбелла нах. Далла ӏамал еш боцурш а, малар мо-лурш а. Уьш дог цӏена, хьанал хилар а ца хьехадо.
Стага а, зудчо а шаьш маре деш а, церан мах бечу моллана-ша а, оцу хьалхарчу уггаре а жоьпаллечу муьрехь талхадо бу-салба дино шайна тӏедехкина декхарш. Иштта кхоллабеллачу доьзалехь иман, оьздангалла а муха хир ю?
Зуда йитар ӏаламат чолхе а, жоьпаллин а гӏуллакх хилла нохчийн къоман ӏадатехь, ткъа шариӏатехь хӏинца а иштта до-луш ду иза. Нохчийн ӏадатехь зуда йита бакъо яцара, нагахь; санна цуьнгара цхьа боккха бехк ца баьллехь. Иштта бехк баьл-; ла йитина цӏаеанчу зудчунна тӏехь эхьан томмагӏа дуьсура' цуьнан ерриге а оьмарехь. И эхь цуьнан гергарчу нахана тӏе а догӏура. Цундела, цара шайн невце я цуьнан гергарчу нахе а цхьаьна жоп доьхура: шайн зудчуьнгара хӏун бехкбаьлла яийти-; на цӏа, хӏусамдена муьтӏахь, тешаме яцара иза я доьзална хьал-ха шен декхарш кхочушдан хьекъал, кхетам, могашалла йоцуш гӏорасиз яра иза, кхин а, кхин а. Иштта цхьа бехк ца баьллехь, зуда йита бакъо яцара майрачун. Ткъа зудчунна тӏе зуда ялор-м| дуьйцу а ца хезнера вайн дайшна. Тӏаккха-м зудчун а, стеган а нахана юкъа мостагӏалла дужура.
Шариӏатехь майрачунна зуда йита бакъо ло, нагахь санна и зуда хьекъалх тилла я бӏаьрзе, я дарба доцуш уьне цамгар йо-луш елахь, я хӏусамдена тешаме яцахь, я доьзалхо ца хуьлуш елахь, я хӏусамдеца цхьаьна ӏен ца мегаш, дегӏаца сакхташ де-лахь, я хӏусамдена а, доьзална а хьалха шен декхарш кхочушдац гӏорасиз елахь.