Цигахь цунна кхачанна а, духарна а дийнахь-буса ӏедало кхо кепек харж йора...
1876-чу шарахь нохчийн, дегӏастанхойн, абхазийн, сванойн а тхьамданаша барт бира паччахьан ӏедална дуьхьал халкъаш гӏовтто. Дегӏастанарчу тхьамданийн зӏе яра хӏетахь Стамбулехь вехачу туркойн эскарийн инарлица Шемалан кӏантаца Гӏеза-Махьмица. Барт хиллера, гӏаттам хьалха сонтачу нохчаша а бо-лош, тӏаккха дегӏастанхой, абхазаш, сванаш а гӏовттуш. Ӏ877-чу шеран ӏЗ-чу апрелехь нохчаша гӏаттам болийра. Дегӏастанарчу тхьамданаша Гӏеза-Махьмин пурбане ладоьгӏуш гӏаттам ца болош пхи бутт гергга хан елира. Оццу хенахь паччахьан эскар-ша йоккхачу къизаллица хьаьшира нохчийн гӏаттам. Оцу гӏаттамехь жигара дакъалецира Салатаеверчу а, ӏаьндарчу а Дуккха а суьйлаша. Амма нохчийн гӏаттам хьошуш оьрсийн эскаршна гӏо деш а бара иттех эзар дегӏастанхой. Уьш хилла а Ца ӏара. Нохчийн, гӏалгӏайн, хӏирийн, гӏумкийн а дошлойн отря-Даш а яра. Оцу хӏора йолахочунна баттахь пхийтта сом ял лора, Цул совнаха, нохчийн ярташ тало маршо еллера царна, дийна я вийна тӏевалийнчу гӏаттамхочух 25 сом ахча а лора. Нагахьсанна нохчашна дуьхьал дика латахь, дегӏастанхойн йолахошна нохчийн латта лур ду аьлла дош а деллера Теркан областан хьаь-камо инарла Свистуновс.
Нохчийн гӏаттам хьаьшначул тӏаьхьа, дегӏастанхойн тхьам-данийн бертаза халкъ гӏеттира Дегӏастанахь. Тӏаккха, цабевл-лачу денна, гӏаттамна коьрте хӏиттира дегӏастанхойн ханийн, бекийн тӏаьхьенех нах. Дегӏастанахь гӏеттинчу халкъан дехар-ца цунна гӏоьнна бахара нохчийн гӏаттаман тхьамданаш. Амма уьш Тилитлахь а, Согӏратлахь а ямартлонца оьрсийн инарлашка дӏабелира дегӏастанхойн феодалийн тӏаьхьенаша.
Хӏетахь хьалхе яьккхинчу нохчийн гӏаттам чекхбелира ма-сех эзар стаг вийна, иттаннаш ярташ ягийна, бӏеннаш доь-залш Сибрех а кхалхош. Гӏаттаман 13 куьйгалхо ирхъоьлли-ра, ткъа стаг ткъаттӏа шераш а, оьмарна а хенаш тоьхна ка-торге вахийтира.