ГКЧП-х «дог лезнарш« лоьхура хӏетахь районашкахь а цхьаьна. Масала, ГКЧП-н кхайкхам зорба хӏунда тоьхна бохуш /цуьнан гӏуллакх эшам хуьлуш дирзинчул тӏаьхьа/, КПСС НажинЮьртан райкоман бюрохь хьийзира рай-онан газетан редактор Гайрбеков Чага.
ГКЧП-на дуьхал Соьлжа-Гӏалахь митинг ярна а, Россин Ла-кхара Совет ларъеш Москвахь 300. нохчо латтарна а муха бар-калла элира нохчашна Ельцина а, цуьнан тобано а? Цул тӏаьхьа кхо бутт баьлча нохчийн къомана таӏзар дан Нохчийчу цкъа эскарш хьовсийра, хӏетахь дуьйна массо агӏор Нохчийчоьнна блокадаш латтайо, шо даьлча гӏалгӏашна тӏехь динарг а вайна хууш ду.
Ткъа ГКЧП-н куьйгалхошна а, оцу путчан жигарчу дакъа-лацархошна а тӏехь хӏинца суд ца йина. Царех цхьаберш А. Лукьянов, А.Дзасохов, кхин, кхин а Госдуман депутаташ хаьр-жина. Ткъа хӏетахь Ельцин а, цуьнан парламент ларъеш ӏожаллина хьалха лаьттина вайн махкахо Хасбулатов Руслан оццу Ельцина а, цуьнан тобано а Лефортан набахте кхоьссина.
СССР йоьхначул тӏаьхьа цхьана а къомо шайн Лакхара Со-вет а, правительство а дӏаса ца лаьллина, беккъа цхьа нохчий боцчара. Нохч-Палгӏайн республикан Лакхара Совет а, прави-тельство а дика яра ца боху ас. Царна тхаьш реза цахилар оха цхьадолчара дӏахьедира хӏеттахье /Обращение к гражданам республики. «Голос Чечено-Ингушетии», 3 сентября 1991 г., № 171; «Даймохк», ӏ сентябръ 1991 шо, № 106/.
Лакхара Совет дӏасахеца езара Конституцица нийса догӏучу некъашца. Ткъа нохчаша митингаш еш, Лакхарчу Советан сес-си дӏайоьдуш зала чу а лилхина, нуьцкъах аракхийсира депута-таш.