Оцу къийсамехь тӏеман цӏергахь ийгира эзарнаш нох чийн тоьлла кӏентий, халкъан историна тӏе шайн турпала цӏера язйира Гӏойтӏа, Хьалха-Марта, Гихтӏа, ӏалхан-Юрт, Бердкӏел Цоцин-Эвла, кхин а цхьамогӏа ярташа.
Большевикаша шаьш ӏедалан коьрте бахча, белхалошна заводаш, фабрикаш, ахархошна - латта а, ткъа дерриге халкъа на маршо а лур ю, нийсо а хӏоттор ю, къаьмнашна шайн йозутт йоцу пачхьалкхаш кхолла бакъо а лур ю, бохура. Цул совнаха бусалба къаьмнашна, церан динна маршо лур ю а бохура. Оц кхайкхамех ӏехаделира бӏеннаш шерашкахь Российски импе рин ӏазапна кӏел лаьттина дерриге а халкъаш. Уггар хьалха цхьаммо хаза хабар дийцича атта ӏехалуш долу нохчийн къам Болыпевикаша цуьнга схьакхайкхориг бӏешерийн дохалла ц сатийсинарг, цо шайгахьа турпала къийсам латтийнарг, цуьна дуьхьа къам тӏеман цӏергахь а, махках дохуш а хӏаллакьхиллар дара.
Цара дуьйцучух тешнера оцу заманахь уггар хьекъале, оьзд вайн къоман къонахой Шерипов Асланбек, Эльдарханов Таьш тамар, Митаев ӏела, бӏеннаш кхин берш а.
Суна хетарехь, 19-20-чу шерашкахь нохчийн къомах гучбевллачу масех къонахчух цхьаъ вара къона А. Шерипов. Хьекъ ле, майра, шен къоман тешаме кӏант.- Шеко яцара, тӏеман арах хьалххе цуьнан ӏожалла ца хиллехьара, цхьа масех шарахь ваьхнехьара, большевикаша иза вуьйриг хиларан. Къомана тешаме нах тоьпаш етташ, набахтешкахь къиза бӏарзбеш хӏаллакбира хӏетахь а, тӏаьхьа а.