1 шарахь Органан лакхенца районашкахь ӏедална дуьхьал хилла< гӏаттам а багарбора ӏедало. Германица тӏамехь ткъа эзар нохчо-чо жигара дакъалаьцнера, турпала хьуьнарш а гайтинера. Цхьа-на а нохчочо шен лаамехь фашистийн йийсаре вахана ямартло а ца йинера, шен къомана эхь ца динера. Бакъду, тӏаме баха ца лууш куьйгалхошна а, лоьрашна а кхаьънаш луш, лечкъаш кӏелхьарабуьйлу нохчий а бацара кӏезиг. Масала, тхан юьртахь 700 цӏа дара, тӏамехь дакъалаьцнарг 40 стаг бен вацара. Махках даьхна тхо Казахстане, Киргизе далийча, 17 шарера хьала 60 шаре кхаччалц болу боьрша нах цхьа а цӏахь вацара, берриг а фронтехь бара.
Нохчийн халкъ махках даккхаран бахьанаш уьш дацара. Иза а, кхин масех халкъ махках дахаран бахьанаш кхин дара, оцу халкъийн цхьа а тайпа бехк боцуш тӏекхоьллина цӏе. Уьш «Кхолламан цхьа де» повеста тӏехь ас яздина.
Тахана вовшашца майра ду вай. Амма хӏетахь и майралла дӏаяьллера вайгара. Таӏзарийн отрядо а, милицис а ярташка а богӏий, букъа тӏехьа куьйгаш доьхкий, хьалха а бохий дӏабуьгура нах. Новкъахь ца хууш могӏанна юкъара цхьа гӏулч юьстаха-ваьллачунна тоьпаш а тухуш. Юьрта юккъехь цара тухий стаг воьра, цхьа а бехк-гуьнахь доцу. Ткъа оцу чалтачашна дуьхьал вистхила стаг а ца хуьлура юьртахь. Изза дора шаьш обаргаш ду бохучу талорхоша а. И тӏаьххьарнаш совцочу меттана, къай-лабохура наха.
Тахана нохчий тукхамашка, тайпанашка, вирдашка, кӏошташка а, иттаннаш политически тобанашка а бекъабелла.
Кхетамна кхиъна халкъаш масех бӏе шо хьалха чекхдевлла тайпанийн юкъараллин дӏахӏоттамах. Царех къаьмнаш хилла юкъара мотт, истори, культура, экономика а йолуш. Ткъа нохчий шайн ницкъ ма-кхоччу оцу заманна тӏе юхагӏерта.
Исторехь зеделла ду, кхетамна тӏехьадисинчу халкъан барт цахилар, иза барамехь мел доккха делахь а, кхетам лакхара, барт болчу жимачу къомах даима политически, экономически дозуш хилар. Оцу шолгӏачо хьалхарчунна тӏехь олалла латтийна мет-тигаш а ю дукха. Барт боцчу къоман махкахь цкъа а иман, бер-кат хуьлуш цахилар а зеделла.