Цхьа бохам тӏебеъча орца ала, тӏетовжа дуьненахь кхин къам дац оцу шина вешин, шайн вовшийн бен. Цахилар хиира, и ши къам махках даьккхича а, 1992-чу шеран гурахь а. Уьш а, кхин бахьанаш а далош, гӏалгӏашка вовшех ма къаста вай бехи-ра нохчаша. «Нохч-Гӏалгӏайн республикан цхьаалла ларъяре-хьа комитет а кхоьллира. Цо шен ницкъ кхочу маслаӏате болх а бира. Амма хӏетахь гӏалгӏайн къомана хьалхабевлла леллачу наха ла ца дуьйгӏира шайга дечу дехаршка.
Нохчех дӏа а къаьстина, Гӏалгӏайн Респу ка бли кхолла луу-чара далош долу бахьанаш хӏун дара? Шаьш шайн республика кхоьллича, хӏирашкара шайн мохк схьабаккха аьтто хир бу шайн, бохура.
1992-чу шеран гурахь гӏалгӏашна хилла и бохам хилла хир ба-цара, аьлла хета, республиках дакъош а дина, нохчий а, гӏалгӏай а дӏаса ца къаьстинехь, и ши ваша ондда вовшийн куьйгаш а лаьцна дӏахӏоьттинехь. Барт боцчу вежарийн сий ца хуьлу, уьш атта хета арахьарчу нахана.
Россица йолу галморзахаллаш нисъян машаре некъаш лаха дезара, герз ца хьедеш, къоман сий лардеш, хьекъалца, кхетамца, маслаӏатан некъашца.
Хӏокху дийцарийн юьххьехь ма-алара, XYIII-чу бӏешарахь дуьйна схьа Къилбаседа-Кавказехь мел хуьлучу девнашкахь хьалхеш йохуш схьадогӏу нохчийн къам, массарначул а дукха бохамаш а Цунна хуьлу.
Россехь ялхитта автономни республика яра, царех цхьаерш вайн республикал яккхий а йолуш. Ялхитта сов долчу къаьм-нех цхьа а Россих дӏакъаста ца гӏоьртира, цхьа нохчийн къам Доцург. Нохчаша 1991-чу шеран гурахь, Россех дӏа а къаьстина, шайн йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхийра. Россех дӏакъаста, шайн йоЗ уш йоцу пачхьалкх кхолла массо а агӏор уггар аьтто берш г ӏезалой бара. Социально-экономически хьелашца а, ӏилманца а, культураца а, массо а агӏор кхиъна къам ду иза. Барамехь ду-кха а бу уьш — ворхӏ миллион. Царна тӏе цхьа бохам беъча, мелла а церан гӏо лаца цаьрца цхьа мотт, цхьа дин, цхьа культу-ра а йолуш бӏе миллион гергга къаьмнаш дара СССР чохь а, дозанал арахьа а дехаш:
башкираш — 1 млн. 500 эзар.
казахаш — 3 млн. 136 эзар.
киргизаш — 2 млн. 600 эзар.
узбекаш — 17 млн.
туркменаш — 3 млн.
азербайджанаш — 6 млн. 800 эзар.