Нохч-Гӏалгӏайчоьнан дер-риге а халкъе, ткъа уггар хьалха — къоман оьзда гӏиллакхаш шайца ларделлачу хьекъалечу къаношка шайн дехар ду гуьр-жийн чоьхьарчу гӏуллакхашна юкъагӏерта и цхьаболу вайнах совцор. Шен махкахь хӏоьттинчу чолхечу хьолах кӏелхьарадала гуьржийн халкъана шена карор бу шен некъ. Шаьш теша,гуьр-жичунна дуьхьал цхьана а нохчочо а, гӏалгӏачо а герз тухург цахиларх./ «Да поможет нам Бог! К интеллигенции, полити-ческим объединениям, всему народу Чечено-Ингушетии». Газе-та «Республика», 22 октября 1991 г./
Шайн махкара арабаьхна гуьржийн президент 3. Гамсахур-диа а, цуьнгахьа хилла парламентан цхьаболу депутаташ, мини-старш, кхиберш а, 400 тӏемало а Нохчийчохь тӏе а лаьцна, цхьана ханна кхебира. Кхузахь Гамсахурдиан парламенто, министарша болх бора, шайн газета ара а хоьцура. Доцца аьлча, кхузара дӏа Гуьржийн ӏедална дуьхьал жигара болх бора цара. Тӏаьхьа, Гамса-хурдиа шен Даймахкахь дӏакхелхича, цуьнан дакъа Нохчийчу а деана, доккха тезет хӏоттош, Соьлжа-Гӏалахь дӏадоьллира нохча-ша. Уьш леладе бохуш нохчашна ницкъ беш я дехарш деш цхьа а вацара. Лелийначунна цхьаммо а баркалла а ца элира. Мелхо а, оцу гӏуллакха тӏехула нохчашца гамо лецира гуьржийн пач-хьалкхан куьйгалхоша. И гамо тахана а йолуш ю.
Тамашийна гӏуллакхаш леладо вай хӏокху тӏаьххьарчу ше-рашкахь. Ваьшна, нохчашна, юкъахь барт а бац вайн. Тукха-машка, тайпанашка, гарашка, некъешка, масийтта партешка, бо-ламашка, вирдашка декъаделла, доьзалшкахь а политически гал-морзахаллаш йолуш ду вай, хӏетте а кхечу къаьмнашна юккъехь барт бан а, царна хьекъал дала а гӏерта. Ваьш мел дика бусалба-наш ду а хиъна вайна. Вешан махкахь ваьш вовшашна деш долу зуламаш, лело хьарамлонаш, харцонаш гуш ю вайна. Хӏеттега, цхьана юккъахь вешан республикехь Къилбаседа-Кавказан Исламан центр а йиллина, кхечу къаьмнашна юкъахь бусалба дин чӏагӏдан ойла а хилира. Вай ӏаламат чӏогӏа тарло, догуш долу цӏа а дитина, нехан цӏийнах яьлла цӏе дӏаяйа вахначу стагах!