Уьш декхарийлахь а, жоьпалле а бу Далла а, х ъана алк а хьалха. Ткъа и цхьайолу халонащ а, зула-маш а дӏадаха республикан куьйгалхойн ницкъ бац бохург ха-бар ду. Царна лаахь, уыи совцо ницкъ бу цаьргахь, амма ца лаьа. Масала, Гуьмсан районан махка тӏехула лела цӏерпошташ та-лор. Дийцарехь, и талораш дечеран декъашхой бу милицин цхьа-болу белхалой. Оцу талораша ӏаламат вон цӏе яккхийтина нох-чийн.
Шайн цигахь дӏабоьдуш тӏом бу, шаьш хала дохку, Нохчий-чухала йогӏу цӏерпошташкахь дохьург, аша талош дерг тхан къоман рицкъа а, долалла а ду, вай цхьа бусалбанаш а дара, и шайн махкахула тхо долчу йогӏу цӏерпошташ талор дитахьара аша бохуш, республикан куьйгалле а, нохчийн халкъе а балха-маш бира телевиденехула Азербайджанера баьхкинчу баккхий-чу наха. Цӏерпошта тӏехь шаьш маьждигашна хьажийна до-хьуш долу кӏайн эчиг шун ярташка даьхьна, иза схьалахьара аша бохуш, дехарш деш суьйлий лийлира Нохчмахкахула. Ткъа и лачкъийна деана эчиг тхан районерчу цхьана юьртан маьжди-ган тхов тӏе тоьхнера! Вайн дерриге а къомана эхь деш, къоман сий дойуш лела и цхьа нах. Баккхий нах а, зударий, бераш а.
Азербайджано, Дегӏастано а аьрзнаш дина дара а хаац, Ельцина цкъа кхайкхийра, Нохчийчухулачекхболу-цӏерпоштан некъ талорхойх ларбан ша кхуза эскарш дохкуьйту, аьлла. Тӏаккха, цхьана юкъана, и талораш совцийра республикан куьйгалло. Вайн къоман и боьха цӏе яккхале хӏунда ца совцийра и талораш? Уьш юха а дӏадолийна, шайна кхерам боцийла а хиъна.
Ельцина шен дош кхочушдеш кхуза эскарш далийнехь, ва Росси вайна тӏелетта, ва массо а керистанашна дуьхьал гӏазотана гӏатта бохуш, маьхьарий хьоькхуш, орца доккхур дара нохчаша. Росси бехке а йийр яра. Амма Россис и некъ ларбо аьлла кхуза эскарш а далийна, цӏий ӏанийнехь, цунна бехке Росси хир яцара, ткъа уггар хьалха и талораш дина нах, шолгӏа, уьш ца совцийна республикан ӏедал а хир дара.