Далла ламаз дар, мархин баттахь марханаш кха бар: Дала шена деллачу рицкъанна тӏера закат, сагӏа далар; ше аьтто, таро а, могашалла а елахь Макка Хьаьжа цӏа вахар а Шолгӏа — массо а агӏор хьарамчух ларвалар: адамашна зен-зу лам, адамашна халахетарш, ваьснаш цаяр; адамашна дикани хилча хазахетар, бохам хилча халахетар; адамашца хьагӏ-гамо йоцуш дог цӏена хилар; адамашна юкъахь маслаӏат, машар, барт бан, бусалба динан некъа тӏера ваьлларг нисван гӏортар; ада-машна юкъа дов, мостагӏалла доьжча озабезам ца беш, бакъдерг, нийса дерг олуш хилар; шен доьзал иманехь кхиор, гӏийлачарна, мискачарна, байшна, заьӏапхошна гӏо дар: некъ тобина, хи тоди-на, тӏай тиллина, тодина, синтар доьгӏна, адамашна дика гӏуллакх дар, и. дӏ. кх. а.
Оцу шина декхарх цхьаъ шаьш кхочушдича, шайна ялсама-не хир ю моьтту дуккха а нахана. Амма царна моьттург бакъ дац. Хьарамчу рицкъанца бехарш, зуламхой, дог боьханаш, къи-занаш, гӏийла-мискачарна гӏо цадийраш, шена мел дукха лама-заш дарх, марханаш кхабарх, Хьаьжа цӏа эхарх ялсамане бо-хуьйтур бац Дала. Амма стага мел дукха сагӏа даларх, адамашна мел дукха дика гӏуллакхаш дарх, Дала шена тӏедехкина перзаш кхочушдеш вацахь, ялсаманега догдохуьйла а яц цуьнан. И ший а декхар цхьаьний кхочушдан деза бусалба стага.
Ӏеламнаха олу: Дела дика ву, къинхетаме, комаьрша ву, стаг ша лелийнчунна дохковаьлча, цунна гечдан ницкъ болуш ву. Хӏаъ, вайх къинхетам бан, вайн къиношна гечдан ницкъ болуш а, къинхетаме а, комаьрша а ву Дела, нагахь санна вай ваьш лелийначу вочу гӏуллакхашна боккъалла а дохко а девлла, бок-къалла а иманехь нислахь. Амма Делан къинхетаме догдохучу вай цхьаъ дицдан ца деза: Аллахӏ нийсо еш хилар. Шена ӏамал еш, Ша тӏедехкина декхарш кхочушдеш долу адамаш а, Шена ӏамал ца еш, Ша тӏедехкина декхарш кхочуш а ца деш, Ша гай-тинчу некъа тӏера а девлла даьхна адамаш а, Дала эхартахь цхьа-на даржехь нисдийр ду бохург и Аллахӏ нийсо еш вац бохург санна ду.