Дуьхьало йина ца ӏаш, ерриг Европа а цецйоккхуш, шайн коьртехь тӏеман говзаллица гӏарабевлла полководцаш болуш, оцу заманан тоьллачу герзашца кечдинчу, шайл мосуьйттазза алсамчу оьрсийн эскаршна тӏехь толамаш бохуш меттигаш хилла. Оцу тӏамех а, толамех а лаьцна шайн къамелашкахь цхьаболчу историкаший, керлабевллачу по-литикаший, лакхахь бийцинчу питанечу эладитанчаший олу, хӏетахь иттаннаш шерашкахь нуьцкъалчу Россин эскаршна дуь-хьало ян а, толамаш баха а нохчашна ницкъ белларг церан май-ралла яра.
Нохчийн къомехь майралла а, тӏеман говзалла а, доьналла а ца хиллехь, цуьнга иттаннаш шерашкахь шен маршонехьа къий-салург цахилар а, толамаш бахалург цахилар а, шеко йоцуш цӏена бакъ ду.
Кӏилло стагерчу герзан а, хьекъалан а, ӏилманан а пайда бац, нагахь санна цаьрца цхьаьна цуьнгахь майралла, доь-налла а, оьздангалла а яцахь. Амма уллохь хьекъал, оьздан-галла, собар, къинхетам а боцу майралла — иза сонталла ю. Иштта и сонта майралла бохаме, бале, зуламе йолу оцу стага-на шена а, адамашна а. Хӏунда аьлча, и тайпа майралла сон-тачу, къизачу, ямартчу, стешхачу зуламхошкахь, акхарош-кахь а хуьлу.