Муха кхолладелла цивилизацин цхьана а пачхьалкхан законашца а, шариӏатца а нийса ца догӏу, шайна зуламаш дина, шайн стаг вийна стаг наха шаьш лехар а, цунна тӏехь шаьш кхел яр а, иза шаьш кхочушъяр а?
Муьлххачу а пачхьалкхан коьрта декхар ду шен гражда-нийн маршо, бакъонаш, долалла лардар а, пачхьалкхана, юкъа-раллина хьалха цаьрга шайн декхарш кхочушдайтар а. И де-кхарш кхочушдан кхоьллина а, болх беш а хуьлу пачхьалкхан законашкхолларан а, бакъонаш ларъяран а органаш. Церан де-кхар ду юкъараллин низам, адамийн бакъонаш ларъяр, талхор-хой, къуй, кхиболу зуламхой лахар, карор, царна оцу пачхьал-кхан законашца догӏу таӏзар дар а. Ткъа оцу пачхьалкхехь ӏедал а, законаш болх беш ца хилча, наха шайна зулам динарш шаьш схьалоху, шаьш царна кхел йо, иза кхочушйо. Изза хьал хӏоьттина вайн махкахь.
Кхин а кхоъ масал даладо ас, телевиденехула сайна хезна. Республикан прокурора цхьа гериг гойтура хьовсархошка. ӀПен хӏусам чу цхьаммо бомба кхоьссина, ша иза схьа а карийна, цунна уггар луьра таӏзар дийр ду, бохуш. Чоьхьарчу гӏуллакхийн ми-нистра бохура, оцу Теркал дехьа гулбеллачу Россин хьадалчаша шайн ялх милиционер вийна, шен исс эзар милиционер ву, ша оцу мостагӏашна чӏир йоькхур ю.
Оццу министерствон цхьана отделан начальнико элира, оп-позицехь болчу наха масех бено вийна, шайн бенойн тайпа доккха ду, шаьш чӏир йоькхур ю. Дика ду. Оцу кхааннен ницкъ бу шайн мостагӏех бекхаМ эца. Цхьаъ — республикан прокурор, шолгӏаниг — чоьхьарчу гӏуллаккхийн министр, кхоалгӏачун доккха тайпа ду. Шайна зен-зулам дина зуламхо лаха, каро, цун-на таӏзар дан ницкъ а, таро а, аьтту а боцчу мискачу наха,тайпа жима долчу наха, къеначу наха, зударша, бераша,заьӏапхоша хӏун дан деза, цара хьаьнга орца ала деза? Уьш хьан ларбийр бу гер-зах боттабелла лелачу зуламхойх?