– Со ийза ца ло... сан кхин хьашт дац бага гӏетто – вистхилира Жима эла, верриг цӏий а луш.
– Гм, гм... Тӏаккха... тӏаккха ас хьуна тӏедуьллу бага цкъа гӏаттор, юха ца...
Паччахь ша а тилира ша дуьйцучух, гӏеххьа оьгӏаз а вахара иза тӏаккха.
Паччахьна уггар мехалдерг – ша тӏедиллинарг сихха кхочушдеш хилар ма ду. Шен аьллар тӏера валар цо ловр дацара. Иза дерриг ӏедал дуьззина шен карахь долу паччахь вара. Амма иза дукхе-дукха эсал, дика стаг вара, цундела цо цкъа а, кхетаме, хьекъале дерг бен, цхьа корта боцу омраш дан а ца дора.
«Ас сайн инарлина хӏордан каркар* хилар тӏе диллича, – олура цо, – юха инарлас и сан омра кхочуш ца дича, иза цуьнан бехк хир бац, сан хир бу».
– Со охьахаа мегар дарий? – аьлла, хаьттира Жимчу эло, шена эхь хетташехь.
– Ас тӏедуьллу хьуна: охьахаа! – жоп делира паччахьо, шен горнастайн чо болчу обанан цхьа тӏам курра шена тӏе хьала а озош.
Амма Жима эла цо лелочух дикка ца кхетара: хӏара сайраталг дукха жима ю. Кхузахь хӏун пачхьал лелор ду?
– Хьан воккхалла, – вистхилира хӏара, – хатта мегар дарий хьоьга?
–Ас тӏедуьллу хьуна: хатта! – элира паччахьо.
– Хьан воккхалла... мичахь ю шун пачхьалкх?
– Массанхьа а, – доцца жоп делира паччахьо.
– Массанхьа?
Паччахьо шуьйрра куьг тесира, я и цуьрриг доккха хӏума а ца хеташ, цкъа шен сайрат а, тӏаккха мел йолу сайраташ а, седарчий а юкъа-лоцуш, хӏара ю-кх шен пачхьалкх бохучу кепара.
– И дерриге а шун ду? – юха а хаьттира Жимчу эло.
– Ду, – жоп делира паччахьо.
Хӏунда аьлча, иза дерриг ӏедал шегахь долу паччахь вара, цхьа а дозанаш, бехкамаш хӏун ю хааза.
– Седарчаша а до аш аьлларг? – хаьттира Жимчу эло.
– Дера до, – жоп делира паччахьо. – Седарчаша дӏааьлла а далале кхочушдина кардойту шайна тӏедиллинарг. Сайн аьллар тӏера довлар ас царна могуьйтур а дацара.