Жимчу элан сайратна уггар герга 325,326,32 329, 330 астероидаш яра. Дуьххьара царна тӏе кхача сацам хилира цуьнан: цхьа болх каро ма безара, стенна хилла а цхьана хӏуманна охӏла хила а. Хьалхарчу астероид тӏехь вехаш паччахь вара. Верриг таьӏна, цӏечу, юкъ-кара горнастай* экханан кӏайн чо болчу духарех хьаьрчина, иза дорахчу, хӏетте а шеца йолу сийлалла хаалучу курс-гӏента* хьалахиъна ӏара.
– Хӏа-а, хӏинца сан паччахьалла тӏехь долу стаг волуш ву-кх! – хазхетта мохь белира цуьнга, Жимчу элах бӏаьрг кхетташехь.
«Цунна хӏун хаьа, со мила ву? – ойла йира Жимчу эло. – Цунна-х со дуьххьара гуш ву».
Цунна ца хаьара, паччахьаш дахаре шайна ма-луъу атта хьоьжуш нах буйла: цаьрга хаьттича, массо стаг церан пачхьалли кӏел ву.
– Схьатӏехилал, хьайх дикка бӏаьрг тохийтал соьга, – элира паччахьо, хьанна хилла а цхьаннан паччахь хила шен таро хиларна, чӏогӏа кура а волуш.
Жима эла, охьахаа меттиг хир яцара техьа аьлла тӏехьа хьаьжира, амма паччахьан горнастайн чо болчу исбаьхьчу обано ерриг сайрат кӏелхьулйинера. Кхуьнан латта дийзира, оццул чӏогӏа гӏелвелла воллушехь... Юха, шен ойла дӏаяхханчохь, кхо бага гӏаттийра.
– Паччахь волчохь багагӏеттор ӏадатца догӏуш дац! – элира паччахьо. – Ас доьхку хьуна багагӏеттор.
– Ца хууш нисдели сан, – элира Жимчу эло, эхь хетта цӏий а луш. – Ас дукха беха некъ бина, цуьрриг а набйина а вац.
Делахь ас багагӏеттор тӏедуьллу хьуна, – элира паччахьо. – Дукха шераш ду, суна цхьамма а бага гӏеттош ганза. Суна ган а, хаа а дика ду и. Валал, ийза а ца луш, бага гӏаттаел! И сан омра ду.
– Со ийза ца ло... сан кхин хьашт дац бага гӏетто – вистхилира Жима эла, верриг цӏий а луш.
– Гм, гм... Тӏаккха... тӏаккха ас хьуна тӏедуьллу бага цкъа гӏаттор, юха ца...
Паччахь ша а тилира ша дуьйцучух, гӏеххьа оьгӏаз а вахара иза тӏаккха.
Паччахьна уггар мехалдерг – ша тӏедиллинарг сихха кхочушдеш хилар ма ду. Шен аьллар тӏера валар цо ловр дацара. Иза дерриг ӏедал дуьззина шен карахь долу паччахь вара. Амма иза дукхе-дукха эсал, дика стаг вара, цундела цо цкъа а, кхетаме, хьекъале дерг бен, цхьа корта боцу омраш дан а ца дора.