– Сан зезаг ду, – элира цо, – цунна ас хӏора ӏуьйрана хи туху. Сан кхоъ тӏам-лам а бу, ас хӏора кӏирнах дӏацӏандо уьш. Кхоь а цӏанбо, ӏаяйнарг а тӏехь. Хьанна хаьа, цо хӏун до а. Сан тӏам-лаьмнашна а, зезагна а сан долахь хилар пайдехь ду. Амма седарчашна хьох бала-м бац цхьа а пайда...
Гӏуллакхе стаг бага гӏаьттинчохь, ала дош а ца карош, висира, ткъа Жима эла дӏавахара.
«Хӏаъ, баккхийнаш боккъал а инзаре къам ду йилбазаллех хӏума доцуш», – бохура цо ша-шега, шен новкъа воьдуш.
Пхоьалгӏачу сайрат тӏехь гуттар а чӏогӏа самукъне дара. Иза уггар жимахъерг хиллера. Панаррий, панарчий дара дерриге цу тӏе тарделла хӏума. Жима эла мел кхета гӏортарх а ца кхеташ висира, цхьа хӏусам а, вехаш стаг а воцчу, цхьанхьа стиглан паналлехь яйна лаьттачу оцу сайраталг тӏехь стенна оьшуш ду панар а, панарча а. Цо ойлайора:
«И стаг лартӏехь ца хила там а бу. Амма, и паччаххьий, дозалчий, гӏуллакхчий, къаьркъанчий санна, лартӏехь воцуш-м вац хьуна иза. Хӏунда аьлча, цуьнан белхан хӏуъа дийцича а шен цхьа маьӏна ду. Цо шен панар хьалалатор кхин цхьа седа я зезаг кхолладалар санна ма ду. Ткъа цо панар дӏаяйъар – оцу седанна я зезагна набкхетар санна. Цхьа исбаьхьа болх бу и. Хазнехасанна пайдехь гӏуллакх а ду, цо хазалла кхуллуш хиларна».
Тӏаккха, оцу сайраталгца ша дӏанислушшехь, цо панарчига корта таӏийра.
– Де дика хуьлда, – элира цо. – Хӏинцца хьайн панар дӏа хӏунда яйъи ахь?
– Иза иштта бина барт бу, – жоп делира панарчас, – де дика хуьлда!
– И хӏун барт бу?
– Панар дӏаяйъа. Суьйре дика хуьлда.
Цо юха а панар хьалалатийра.
– Юха а хьала хӏунда латий ахь и?
Иштта бина барт бу, – элира юха а панарчас.
– Ца кхета со, – мукӏарло дира Жимчу эло.
– Кхузахь кхета а, ца кхета а хӏумма а дац, – элира панарчас. – Барт – барт бу. Де дика хуьлда.
Цо панар дӏаяйъира.
Тӏаккха клетка йолчу цӏечу йовлакхца хьаьж тӏера хьацар дӏа а даьккхина:
– Хала пхьола ду хӏара сан кочахь дерг, –элира цо. – ӏуьйрана панар дӏа а йойъий, юха сарахь хьалалатайора ас. Садаӏа де дуьсура суна, набъян – буьйса а...
– Цул тӏаьхьа барт хийцабелира?