Сайн ялх шо долуш, адамо ког ловзазчу хела*: хьаннех дуьйцучу «Боккъал а хилла истореш» аьлла йолчу киншки тӏехь цхьа тамашийна сурт дайра* суна. Сурта тӏехь цхьа нана боккха акхарой юу лаьхьа-вотангар боллура экха дӏакхоллуш. Иштта диллинера и сурт.
Киншки тӏехь дуьйцура: «Вотангаро шен ижу дийнна дӏахуду, ӏовша а ца ӏовшуш. Цул тӏаьхьа иза, кхин меттаххьар а доцуш, тӏекӏел эха шарахь набъеш ӏуьллу, шен кхача дегӏах дӏаболлалц».
Дагахь мел доцчух дуьззина долчу джунглийн дахарх дукхе-дукха ойланаш а йина, бес-бесарчу къоламашца ас а диллира сайн дуьххьарлера сурт.
Иза сан № 1 йолу сурт дара. Хӏара дара ас диллинарг:
И сайн болх баккхийчарна дӏа а гайтина, тӏаккха, кхераделин шу аьлла, хаьттира ас.
– Тхо кхерадала, иштта буьрса хӏума ю кхин шляпа? – баша а ца бешира уьш.
Ткъа иза шляпа ма яцара янне а. Иза пийл кхаьллина вотангар яра. Тӏаккха, баккхийнаш кхеташ хилийта, ас вотангар чухулара, кийрара йиллира. Массо а хӏума ӏовша дезаш ма хуьлий царна. Хӏара ду и сан № 2 йолу сурт.
Баккхийчара суна хьехардира, я тӏехулара а, я чухулара а лаьхьарчий ма дахка, цул а географи а, истори а, арифметика а, нийсаяздаран бакъонаш а ӏамае аьлла. Иштта нисделира сайн ялх шо кхаьчначу хенахь художник хила хазнеха санна дика айса дӏаболийна некъ ас ӏадбитар. № 1-ий, № 2-ий йолчу суьртех баккхийнаш цакхетар бахьна долуш, сан сайх шеко кхоллаелира. Баккхийчарна цкъа а шайна хууш хӏумма а дац, ткъа берашна гуттар а царна массо а хӏума дуьйцуш, ӏовшуш ӏен кӏордадо, хьаьхий хьех–мерх чекхдолу.
Хӏаъ, дуьйцуш воллу со, хӏетахь, иштта некъ галбаьлла, сан кхин говзалла харжа дийзира, тӏаккха пилотан болх ӏамийра ас.
Дерриг дуьне тӏома гездеш* чекхвелира. Бакъдерг ала деза, географи хаар суна хӏетахь вуно чӏогӏа пайде карийра. Цкъа бӏаьрг ма тоьххинехь, Аризонах Китай къасталора соьга. И корматалла ӏаламат оьшуш хиллера, буьйсана хьан некъ тилла меттиг нислахь.