– Сан маршалла хьоьга а, – маршалла дӏаийцира зезаго.
– Ткъа адмаш мичахь ду? – гӏиллакхехь хаьттира Жимчу эло.
Мацах-мацах тӏехйолуш цхьа ковра* хааеллера зезагна.
– Адмашший? Хӏа-а... Уьш верриг ялх я ворхӏ ву, моьтту суна. Дуккха а шераш хьалха гина суна уьш.
Хӏинца уьш мичахь лохур бу а хьанна хаьа. Хьоькхучу мехаша дӏасакхоьхьу уьш. Церан орамаш дац, чӏогӏа ледар хьал ду орам цахилар.
– Марша ӏойла, – элира Жимчу эло.
– Марша гӏойла, – элира зезаго.
Жима эла лекхчу ломан дукъ тӏе хьалавелира. Гоьллец богӏу шен кхо тӏам-лам боцург, цул хьалха цкъа а лаьмнаш гина вацара иза. Цу кхааннах цӏехаьлларг а цуьнан гӏантан метта бара. Лам тӏера дӏахьаьжна: «Хӏинца-м дерриг Латта а, дерриг а адмаш а гур дара суна», – аьлла, ойла хилира цуьнан. Амма, мехий санна, ира, юткъа ирхъихна лаьтта тархаш йоцург, цунна хӏумма а ца гора.
– Де дика хуьлда, – элира цо иштта дӏа... цӏеххьана санна эшахь а аьлла.
– Де дика... дика... хуьлда... хуьлда... – дуьхьал кхайкхира йилбаз-мохь.
– Шу муьлш ду? – хаьттира Жимчу эло.
– Шу муьлш ду... муьлш ду... муьлш ду... –дуьхьал кхайкхира йилбаз-мохь.
– Доттагӏий хир вай, со, пӏелг санна, цхьа-а ву, – элира цо.
– Цхьа ву... цхьа ву... цхьа ву... – дуьхьал кхайкхира йилбаз-мохь.
«Тамашийна сайрат а ю хӏара-м, – ойлайира Жимчу эло. – Цхьа йокъа йолуш, массо хӏума, мехий санна, массо чам а – дуьра. Адмаш а дац башха геннара хьекъал долуш а, шайга дӏааьлларг юхаалан бен а ца хаьа... Сан цӏахь цхьа зезаг дара – сан бӏаьрсин а, деган а марзо – иза гуттар а ша хьалха дистхуьлура соьга».
Гӏамаршкахула, тархаш юккъехула, лайлахула дукха дӏаихна, эххар а цхьана некъа тӏе кхечира Жима эла. Ткъа массо некъо а адмашна тӏе ма кхачавойца стаг.
– Де дика хуьлда, – элира цо.Цунна хьалха зезагийн дийнна беш яра.
– Де дика хуьлда, – дуьхьал дистхилира розанаш.
Тӏаккха Жимчу эло уьш дерраш а шен зезагах тера хиларан тидам бира.
– Шу муьлш ду? – хаьттира цо, дукха цецваьлла.
Тхо розанаш ду, – жоп делира розанаша.
– Хӏейт-яӏ... – элира Жимчу эло.