Ас иштта дӏадолор дара, хӏунда аьлча, суна лаъане а ца лаьа, хӏара сайн киншка цхьамма а дан хӏума дацарна, саготталла йоьшийла. Сан даглецамаш дукха ӏийжаме бу, хӏара дийца а дац атта. Ялх шо а даьлла сан доттагӏ шен ӏахарца цхьаьна, со а витина, дӏавахна. Иза сайна вицваларна кхоьруш дуьйцу ас цунах. Гӏайгӏа а, бала а беца – доттагӏий бицбар. Хьен-хьенан а хуьлуш вац доттагӏ. Цхьа терахьаш бен бала кхочуш хӏума доцчу баккхийчарах со дӏатарваларна кхоьрий со-м. Цундела эцна ас сайна басарийн яьшкий, бес-бесара къоламашший. Хӏумма а атта гӏуллакх дац – дерриг дахарехь тӏехуларий, чухуларий и вотангар йоцург, иза а мацах, сайн ялх шо кхаьчначу хенахь, диллина хӏума а доцуш, юха а сурташ дахка волавалар! Сурта тӏехь ма-хуьллу иза тера вилла-м гӏертар ву со. Амма цунах сайн гӏуллакх хир ду аьлла, башха тешна вац со. Цуьнан цхьа портрет дика нисло сан, вукхунна тӏехь верг цунах цхьа чо а тера ца хуьлу. Иштта дегӏана а: цхьана сурта тӏехь дукха онда нисло сан эла, вукхунна тӏехь – дукха эгӏаза. Цу тӏе, цуьнан бедарш муьлхачу басахь яра а ца догӏу дикка дага. Иштта а, вуьштта а дилла-м гӏерта со, хетарехь, алх а, улх а. Цул сов, кӏез-мезга долчу цхьана мехалчу хӏумнаш тӏехь галвала а ма тарло. Суна дукха чӏогӏа бехкаш ма дахкалаш, дукхадахарш. Ас хӏун дийр ду, сан жимчу доттагӏчо со цкъа а цхьана а хӏуманна тӏаьхьа ца кхиавора-кх. Цунна со а ша санна ву моьттуш хилла хир дара-кх. Амма, сан дакъазаллина, суна Дала делла дац, яьшкех чекхъхьаьжна ӏахар ган бӏаьрса. Со мелла а баккхийчех дӏатарвелла хила там бу. Схьагарехь, къанвелла вогӏу со, къанвелла.
Денна цхьацца керланиг девзара суна цуьнан сайратах, цо иза муха йитира а, цул тӏаьхьа хӏун некъаш гездира а. Цо, шен лааме хьожжий, юкъ-кара жим-жима хьахадора цу хьокъехь. Иштта, тхо девзина кхоалгӏачу дийнахь хиира суна цунна баобабаша* латточу сингаттамах.
Иза а ӏахарна тӏехула хилира. Жимчу элан цӏеххьана цхьа яккхий шеконаш кхоллаеллачух тера дара, цо хаьттира:
– Хьажахьа, ӏахарша коьллаш юу бохург бакъ ма ду, дуй?
– Хӏаъ, бакъ ду.
– Ма дика а ду!