Тхойша кхин вист ца хуьлуш, дикка хан елира. Юха, мелла а оьгӏазвоьдуш, лен велира иза:
– Со ца теша ахь дуьйцучух! Зезагаш гӏийла хӏумнаш ю. Цхьа а дагахь хӏума доцуш. Уьш шайн даг тӏе жимма майралла яийта гӏерта. Царна моьтту – шайн кӏохцалш хилча, массо а шайх кхоьру...
Ас хӏумма а ца элира. Оцу минотехь со сайн ойланехь сайга луьйш вара. Ас бохура: хӏинца а хӏара гайка схьа ца хьовзахь, жӏов а тоьхна, дамардарц дийр ду-кх ас цунах. Жимчу эло юха а юкъахъяьккхира сан ойла:
– Ткъа хьуна моьтту, зезагаш...
– Ва, хӏан-хӏа! Ца моьтту суна хӏумма а. Ас сайна дуьххьара дагдеънарг аьллера. Хьуна ца го, цхьа ладаме гӏуллакх чекхдаккха гӏерташ ма воллу со.
Иза, цец-акъ а ваьлла, схьахьаьжира.
– Ладаме гӏуллакх?!
Тӏаккха со тергалван хӏоьттира – верриг машенан даьттанах вуьзна, жӏов а буйнахь, цхьа хӏун ю а ца хуучу, цунна гергахь дукхе-дукха чамбоцчу цхьана коьчал тӏе букарвахна воллу со.
– Баккхийчара дуьйццург ду ахь дуьйцург а! – элира цо.
Суна эхьхийтира. Амма иза со кхоон воллуш вацара.
– Хьо кегош ву, – тӏетуьйхира цо. – Хьо кхеташ хӏумма а дац!
Иза боккъал а чӏогӏа оьгӏазвахнера. Цо корта ластийра, шен дашо месаш мохехь дӏаса а яржош.
– Суна евзаш цхьа сайрат ю, цу тӏехь вехаш цӏарул-цӏен юьхь йолуш цхьа месье ву. Шен дахарехь цкъа а зезагах хьожа яьккхина вац иза. Цкъа а седа тергал ца бина. Цкъа а цхьа а везна вац. Я цкъа а цхьа а хӏума дина а вац. Цо дешдерг цхьаъ ду: терахьаш вовшахдеттар. Сатесчахьана буьйса йоллалц цхьа хӏума ду цо кхайкхош: «Со ладам болуш стаг ву! Со ладам болуш стаг ву!» – хӏинца ахь санна. Ша куралла эккха воллу. Ткъа боккъал а аьлча, иза адам а дац. Иза жӏаьлинускал ду.
– Хӏун?
– Жӏаьлинускал!
Жима эла, дукха оьгӏазвахна, босбаьхьна вара.