– Массанхьа?
Паччахьо шуьйрра куьг тесира, я и цуьрриг доккха хӏума а ца хеташ, цкъа шен сайрат а, тӏаккха мел йолу сайраташ а, седарчий а юкъа-лоцуш, хӏара ю-кх шен пачхьалкх бохучу кепара.
– И дерриге а шун ду? – юха а хаьттира Жимчу эло.
– Ду, – жоп делира паччахьо.
Хӏунда аьлча, иза дерриг ӏедал шегахь долу паччахь вара, цхьа а дозанаш, бехкамаш хӏун ю хааза.
– Седарчаша а до аш аьлларг? – хаьттира Жимчу эло.
– Дера до, – жоп делира паччахьо. – Седарчаша дӏааьлла а далале кхочушдина кардойту шайна тӏедиллинарг. Сайн аьллар тӏера довлар ас царна могуьйтур а дацара.
Жима эла чӏогӏа воккхавийра цу балхах. Маржа, и ницкъ болуш хӏара ша хилча! Тӏаккха чубузчу малхах марзо дийнахь шовзткъе доьазза эцна ӏийр вац хӏара, ткъа кхузткъе шуьйттазза оьцур яра я цул а гӏолехь дерг – бӏозза а, ши бӏозза а оьцур яра, и дан, кхуьнан гӏант цхьана меттера вукху метте даха а дезар дацара! Эццахь цуьнан юха а сахьаьвзира, ша цӏахь йитна сайрат дага а еъна, юха шен ерриге майралла гулйина, паччахье дехар дира цо:
– Суна чубузу малх ган лаьара... Хьайн десара,оьгӏаз а ца воьдуш, малхе чубуза алахьа...
– Ас, цхьана инарлина, полла санна, зезаг тӏера зезаг тӏе хуьйшуш волало я трагеди язъе, я хӏордан каркар хила аьлла, омра а дина, цу инарлас и омра кхочуш ца дахь, бехке мила хир ву – со хир ву я иза?
– Хьо хир ву, хьан воккхалла, – цхьана маьӏӏаргонна а шеко ца кхоллалуш, жоп делира Жимчу эло.
– Цӏенна бакъ ду, – тӏечӏагӏдира паччахьо. – Хӏорангара а цуьнан дан ницкъ кхочург деха деза. Шайгахь ӏедал долу нах уггар хьалха кхетам болуш хила беза. Ахь халкъе хӏорда чу кхоссало алахь, цо революци йийр ю. Сан, айса аьлларг кхочушде, баха бакъо ю, далун доцу хӏума айса тӏе ца дуьллу дела.
– Ткъа малх чубузарна хӏун до вай? – дагдаийтира Жимчу эло: ша цхьаъ хаттахь, шена жоп даллалц ӏад ӏаш ӏедал ма дацарий цуьнан.
– Чубузу малх а гур бу хьуна. Ас малхана, чубуза аьлла, тӏедуьллур ду. Амма, цунна чубуза бегӏийла хьелаш хиллалц, собардийр ду ас, и ду и урхалдан хьекъал хилар.