«И стаг лартӏехь ца хила там а бу. Амма, и паччаххьий, дозалчий, гӏуллакхчий, къаьркъанчий санна, лартӏехь воцуш-м вац хьуна иза. Хӏунда аьлча, цуьнан белхан хӏуъа дийцича а шен цхьа маьӏна ду. Цо шен панар хьалалатор кхин цхьа седа я зезаг кхолладалар санна ма ду. Ткъа цо панар дӏаяйъар – оцу седанна я зезагна набкхетар санна. Цхьа исбаьхьа болх бу и. Хазнехасанна пайдехь гӏуллакх а ду, цо хазалла кхуллуш хиларна».
Тӏаккха, оцу сайраталгца ша дӏанислушшехь, цо панарчига корта таӏийра.
– Де дика хуьлда, – элира цо. – Хӏинцца хьайн панар дӏа хӏунда яйъи ахь?
– Иза иштта бина барт бу, – жоп делира панарчас, – де дика хуьлда!
– И хӏун барт бу?
– Панар дӏаяйъа. Суьйре дика хуьлда.
Цо юха а панар хьалалатийра.
– Юха а хьала хӏунда латий ахь и?
Иштта бина барт бу, – элира юха а панарчас.
– Ца кхета со, – мукӏарло дира Жимчу эло.
– Кхузахь кхета а, ца кхета а хӏумма а дац, – элира панарчас. – Барт – барт бу. Де дика хуьлда.
Цо панар дӏаяйъира.
Тӏаккха клетка йолчу цӏечу йовлакхца хьаьж тӏера хьацар дӏа а даьккхина:
– Хала пхьола ду хӏара сан кочахь дерг, –элира цо. – ӏуьйрана панар дӏа а йойъий, юха сарахь хьалалатайора ас. Садаӏа де дуьсура суна, набъян – буьйса а...
– Цул тӏаьхьа барт хийцабелира?
– Барт хийца ца белира, – элира панарчас. – Доьхнарг и хийца цабалар ду! Сан сайрат шо шаре мел дели хьийзар сихлуш схьайогӏу, ткъа барт хьалха ма-барра бисна.
–Ткъа хӏинца хӏун дан деза? – хаьттира Жимчу эло.
– Хӏинца хӏун дийр ду! Цхьана минотехь буьззина го боккхий йолу сан сайрат цхьана сикондна а сан садаӏар ца хуьлуш. Хӏора минотехь панар дӏайойу ас, юха хьала а латайо.
– Ма хаза а ду! Делахь-хӏета, хьан де цхьана минотехь бен ца лаьтта-кх!
– Хаза хӏун ду кхузахь, – реза ца хилира панарча. – Вайша къамел дечу юкъана дийнна бутт бели.
– Дийнна бутт?!
– Хӏаа. Ткъе итт минот. Ткъе итт де. Суьйре дика хуьлда!
Цо юха а панар хьалалатийра.