Цул тӏаьхьа цунна набкхийтира, иза кара хьала а эцна, дӏаволавелира со. Сан дог тохаделира. Айса марахь дахьарг, йоӏ-бӏаьрг санна, лардан дезаш, дукхе-дукха экам жовхӏар ду аьлла, хийтира суна. Цул экам хӏума, мел дукха лехарх, кху вайн малх кхетачу дуьненахь хир а дац аьлла-м, хийтира. Беттан серлонгахь цуьнан кӏайн хьаж а, тӏекъевлина бӏаьрнегӏар а, мохо ловзо дашо месаш а тергалъеш, сайн дагахь ас бохура: хӏара хьуна схьагург тӏехулара чӏуьйриг бен яц. Уггар коьртаниг – иза бӏаьргашна ган йиш йоцург ду...
Цуьнан ахгӏаьртина* балдаш велааьшнадина, тохаделира, тӏаккха ас юха а сайн дагахь элира: хӏокху набарна тхьевсинчу Жимчу элехь уггар а хьан дагах кхеташдерг – шен зезагна иза сел муьтӏахь хилар ду, набкхеттачу хенахь а тӏехь, къуьданца серло санна, цуьнца нур хилла деха цуьнан оцу розанан васт... Со, кхеравелла дог а тохалуш, кхин цхьана хӏумнах а кхийтира: иза суна хетачул а дуккхазза а тӏех экам хиларх, дукхе а дукха лерина ларо везаш. Къуьданаш лардан деза: цӏеххьана хьаькхначу мохо дӏадайа тарло уьш...
Иштта дӏаихира со... ткъа сатоссуш гӏуна тӏекхечира.
– Адмаш чехкачу цӏерпошташ тӏе хьала-дуьйлу, амма шайна а ца хаьа, шаьш хӏун лоьху, – элира Жимчу эло. – Цундела цхьанхьа а синтем ца карош, цкъа цхьана агӏор дӏахьаьлха, тӏаккха вукху агӏор...
Тӏаккха тӏетуьйхира...
– И эрна а ма ду...
Тхо тӏекхаьчна гӏу Сахарехь хуьлчу кхечу цхьана а гӏунах тера яцара. Кхузахь хӏинццалц хьо тӏеӏотталуш хилла гӏу гӏамаршлахь даьккхина деккъа цхьа ор хуьлура. Ткъа иза, юьртахь хуьлчех, ша хила ма еззара гӏу яра. Амма кху гондӏа цхьанхьа а схьагуш юрт яцара, тӏаккха, ванах, хӏара гӏенах-м дац техьа аьлла, хийтира суна.
– Хӏара ма тамашийна болх бу-у, – элира ас Жимчу эле, – массо а хӏума а кийчча ду кхузахь-м: хи хьовзо чкъург а, тӏетесна муш а, чийлак а...
Цо, вела а велла, схьалаьцна муш схьаозийра. Гӏунан чкъург шен семан тӏехь, мох хьакхабалаза хийла хан яларна, мекхайоьлла, мох лоьцу пиллаг санна, цӏевзира.
– Хезий хьуна? – элира Жимчу эло. – Вай самъяьккхина, йиш лекха йолаели хьуна гӏу...