Амма ахь цаьрга: «Иза Б-612 астероид олучу сайрат тӏера веънера», – алахь, уьш тешар бу, кхин хеттарш деш шаьш хьуна кӏорда а бойтур бац. Иштта къам ду-кх и баккхийнаш. Царна дегбаамаш бан а ца оьшу. Бераш мелхо а оцу баккхийчарах къинхетам беш хила деза.
Ткъа вай-м, дахар хӏун ю хууш долу нах, – вай, цӏенчу бакъонца, кхаьрда оцу лоьмарех а, терахьех а! Ас дог резахиларца, бозбуунчаллех дуьззина долу исбаьхьа туьйра санна, долийна хир дара хӏара дийцар. Суна хӏара, дӏадоло луур дара иштта:
«Вехаш-ӏаш вара Жима эла. И вехаш вара шел жимма бен йоккха йоцчу сайрат тӏехь, иза чӏогӏа догъэшна вара, уллохь доттагӏ воцуш...» Дахар хӏун ю хууш волчу стагана оцу сохьта гур дара, и сан дийцар цӏенна бакъдерг дуйла.