В. Высоцкийн безамна
Жӏаьлеш дӏалоьхку ас, жӏаьлеш дӏачехадо,
Борз а йац дуьхьала хӏуттуш.
Делахь а, тӏекхойкхуш, ас пхьуй ца ӏехадо,
Доьшана метта дӏовш дуттуш.
Со царех воьлла вац, со царех ваьлла вац,
Амма ву борз кийра йоьлла.
Мискъал а дуьненахь цхьа илли аьлла ас,
Со хӏеттехь кӏезанел тоьлла.
Жӏаьлеша цистина сан динан бе́ргаш а,
Сан ше́раш астагӏа девлла.
Ас бе́рзан кӏецаш гуш, къийлина цергаш а
Йаийна, кха́чинна йевлла.
Ас динан ког ларбеш, диттина хьостамаш
Сан дагах чекхдевлла дохку,
Делахь а ца лекъа сан синан хьостанаш —
Гитара ворхӏ мерзан мохк бу.
Цу мехкан мерз хьабеш цистинчу куьйгашца,
Велла а, ас илли э́р ду.
Оьрсеха! Хьан даьӏнийн, хьан моьнийн уьйрашца
Со йуха дуьнен чу ве́р ву.
Йуха а гӀо́ттур ву, жӏаьлеш дӏачехадеш,
Лардан хьан сийлаллин борза.
Мотт бо́цуш ва́гӏахь а хьан бакъдерг хьехадеш,
Сатесна цхьа гила борз ган.