Гуьйре. Ӏаржлуш йу. Дитташ сингаттаме, дерзина лаьтта, хьан коьрте цхьа геннара, маццах шелбелла дагалецамаш гӏайгӏанца карлабохуш – йа тӏе а чӏагӏбеш, йа ца хилларш кхуллуш.
Буьйса цӏеххьана йулу. Хьо ца кхуьу суьйренах кхета, цуьнан амат сацон, цунах ӏаба. Хьо тӏаьхьавуьсу.
Йуьрта йисттехь лаьттачу доккхачу цӏа чохь хьо цхьаъ ву хьо. Цӏа геннахь, къаьсттина лаьтта. Корехула дӏахьаьжча йерриг йурт а го кхузара. Йурт хаза йу, гобаьккхина сийна бай а болуш. Бай тӏехь дежаш жа а, даьхни а хуьлу. Иза дийнахь хуьлу. Ткъа хӏинца – буьйса.
Тийналла. Тийналлин цхьанаэшшара йеза гӏовгӏа. Хьо хьо цхьаъ. Хьоьца дерриг а дуьне. Кхин хӏумма а. Хӏан-хӏа, дерриг а ду, дерриг а!
Массо а хӏума, хӏора кӏезгалла, муьлхха а мискъалазаррат гӏерта хьан коьрта чу. Тӏаккха цхьа кӏеззигчу ханна хьо дуьненан массо а балин, синкъераман, таӏзаран меттамотт, церан хиларан бахьна долу сурт хӏоттадо ахь, хьайна и йерриг а хало, чолхалла йовзийта, хан схьалаца йа сацон. Хан? Йуьхь а, чаккхе а йоцу дуьненан абаде.
Дуьне? Кхетамо схьалоцу кӏен буьрттигал хӏума йа хӏумма а йоцург. Цхьа масех къам дагардича чекхдолу латта. Цу тӏехь деха кӏайн, ӏаьржий, цӏен, можий адамаш, леш, кхоллалуш, йуха а леш дахарехь. Лехамаш цхьаъ болчу дуьненан синойн шайн-шайн мотт, шайн деза хӏума, шайн синкъерам, гӏенаш а шайн.
Дахар? Кхолламо хӏилланца латтон зӏе, стей, боьрший, хазий, ирчий – бен-бен синош а хецна лаьтта тӏехула, адам гӏорасиз деш шен кхолладаларца, къандаларца, дахарца…
Дуьне а доьрзу кхечу тайпана. «Дахарехь уггар а хала дахар ду», – ойла хуьлу хьан тӏаккха.
Ойла?
Адамна деллачу совгӏатех цхьаъ, эла а, лай а; ирсе а, декъаза а валуш шех.
Ирсе валуш?
Кхетам боцург ву боху массара а ирсе, цунна хӏумма а ца хаьа дела, цунна лаамийн доза ца девза дела.
Кхетамо бен ма ца ло ткъа безам, хаар, эшам. Хӏаъ, эшам – ирсан корта. Эшамехь ма ду шен ирс. Эшамо бен стаг толор вац. Сица тоьлларг ву абадехь декъала, шен ло санна кӏайчу сица. Эшамо чӏагӏво хьо, хьо вовзуьйту, хьайн декхарх а кхиаво. Эшамаш карлабийларца лаьтта дахаран зӏе. Хьайн эшамо бен толор вац хьо хьайл а.
Цхьа ирс шинна ца хуьлу дуьненчохь. Шен-шен бу цунах кхетам.