Кхолламо мухӏар туху хӏора а стагана, лаахь а, ца лаахь а цхьанхьа гучудолуш долу, йа кхетаман кӏорггехь дехаш долу синан гӏайгӏанца. Тешамца дуьненчу ваьлла волу хьо, тешамца вала а ле. Дуьне а ма дац хьан кхетамехь цхьана къонахчун меха. Къонах хила ӏалашо хӏоттийначо лов дахаран вон а, дика а цхьабосса, дикане ӏеха а ца войтуш, вонна кӏел а ца вуьсуш. Къонахчун хӏума дӏадиллина ца хуьлу, шеца хуьлу, карахь, эшначунна дӏакховдош. Шен аьттоне хьожжий ца до цо дика, шегара гӏо оьшучун гӏайгӏане хьожжий до. Цо хеттарш ца до шега, шеконашка ца дохку, цо жоп ло, эхьан жоп.
Йуха хьо леш: «Со хила-м гӏиртира», – хьан ала делахь, ахь массо а хаттар дӏанисдина ма торру.
Хьан бакъо а йу тӏаккха мохь дӏакховдо, айхьа гор-бертал а ветталуш, эшамашна йуккъехула схьакхехьна болу къонахчун декхаран мохь. Хьан дахаран эшамийн мохь, ахьа кошан бертте схьакхачийна болу. Хьан жоьпаш, хьан къинош, хьан шеконаш.
Ма хилийтахь дӏакховдо стаг, ӏиллийтахь циггахь бӏе шарахь. Эзар шо даьлча вер ву цхьаъ, цу махьна кхоьллинарг. Цуьнан бен и мохь схьаэца бакъо а йац. Цо бен кхачор бац иза йуха шен кошан бертте. Цул тӏаьхьа – кхечо. Маца? Иза башха а дац. Цкъа мацца а хилчхьана. Мацца а цкъа.
Эхӏ, хӏара хӏун ду? Догӏа. Хӏаъ, буьйсанан догӏа. Дӏога, стигал кхачалуччохь го баьццара-мокха анайист. Ткъес а хезаш, мархашлахь саьрмиках кхийсало серлонаш. Даккхийчу тӏадмашца, «дап-дип-дап» хезаш, оьгу мелчу догӏанан деза буьртигаш. Хьоькху мела мох. Ӏоьху нӏаьнеш. Гӏийлла, йоцца терса говр.
Дахар. Дахар ду-кх самадолуш, хьан шеконаш йицйеш, кечвеш дахарна, къийсамна. Кечвеш кхин цкъа а эшамна.
1980 ш.